Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Португалин хьаннашкахь яккхий цIерш евлла. Цара даккхий зенаш дина адамашна а, пачхьалкхан экономикина а. Оцу цIерашкахь 62 стаг кхелхина. Царах 30 сов шайн машенаш чохь ваьгна, цIарах кIелхьаравала а гIоьртина. ЦIерш дIайойъуш бу лерринчу службин белхахой. Ша аьлча, цIеяйъархой, кIелхьардахархой. ЦIергахь адамаш кхалхарца доьзна Португалехь кхаа дийнан тезет хIоттийна.

***
Колумбин пачхьенерчу (Богота) махлелоран туьшехь теракт йина. Оцу бохамехь 3 стаг кхелхина, 11 стагана чевнаш йина. Боготан мэра дIахьедина Махлелоран туьшехь динарг ямарт зулам хилар, куьг бехкенаш террористийн организацийн декъашхой хилар, зуламхой бекхам ца беш буьтург цахилар.

***
ОвгIанан малхбалехь террористаш тIелетира полицин куьпана а, НАТО-н эскарийн цхьана декъана а. Цигахь лаххара а 7 стаг кхелхина, 25 стагана чевнаш йина. ТIелатар диначу зуламхойх лаххара а 2 хIаллаквина.

***
Мисаран суьдехь хIокху деношкахь вен кхиэл йина мехкан генеральни прокурор верехь дакъалацарна бехкевеш волчу 31 стагана. Иштта луьра таIзар дан лерина кхул тIаьхьа а Iедалан белхахочун дахар кхоамза хадийначарна.

***
Мисаран пачхьенерчу (КъахIира) цхьана урамехь мина эккхийтина. И бахьанехь 1 полицейски кхелхина, маьршачу 4 стагана чевнаш йина. Зуламах долу жоьпалла шайна тIелаьцна «Иблисан пачхьалкхан» террористаша.

***
Японин хIорда чохь вовшахкхетта Iамаркан тIеман-хIордан флотан эсминец а, Филиппинера киралелон хIордакема а. США-н эсминеца тIера 7 моряк кхелхина. Кеманаш вовшахкхетаран бахьана къастош а, бехкениг лохуш а болх беш ю Iамаркан леррина комисси.

***
ГIажарийчоьнан а, Чинин а тIеман-хIордан ницкъаш тIеман Iамораш дIахьош бу хIокху деношкахь. Цигахь дакъалоцуш шина а агIор 20 сов кема ду. Уьш Iемаш бу хIордаца дина тIелатар цхьаьна юхатоха.

***
Бразилин лаьмнийн некъашкахь бохам хилла. Туристаш тIехь болу автобус, кхечу машенах кхетта, басаха яхана. Цу тIехь хиллачарах 10 стаг кхелхина, лазийна 20 сов стаг. Оцу некъаца цу тайпана бохамаш кест-кеста нисло. Цундела «Iожаллин некъ» аьлла цIе тиллина цунна.

***
Украинин Iедалан эскарша стомара 60-зза сов талхийна герзаш деттар совцоран хьокъехь бина болу барт. Оцу дийнахь-бусий Донецкан областерчу ярташна а, гIаланашна а 500 сов минометийн снаряд тоьхна цара. И бахьана долуш маьрша 1 стаг кхелхина, масех стагана чевнаш хилла, иттех цIа дохийна.

***
Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира футболах ловзаран «Конфедерацин Кубок» яккхаран къийсадаларш дIадуьйлалучохь. Россин вовшахтоьхначу командо шен хьалхарчу цхьаьнакхетарехь жамI 2:0 долуш толам баьккхира Новая Зеландия командина тIехь.

***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс дIахьедира хIокху шеран мангалан (июль) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна Беларуссехь елла йолу водителийн бакъенаш Россехь а дIасалела бакъо йолуш хирг хилар. Цул хьалха еллачаьрца Россин махкахула дIасалела бакъо ца ло.

***
Сибиран хьаннашкахь евлла цIерш тIеттIа марсаюьйлуш, яьржаш ю. ХIара хаам зорбане кечбечу хенахь цIераша дIалаьцнарг 2 эзар сов гектар хьаннаш яра. ЦIеяйъархой а, МЧС-н кхиболу белхахой а цIе дIаяйъа гIерташ бу. Цара шайн балхахь пайдаоьцу машенех, тракторех, кеманех.

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: