Нохчийн доьзал – Гиннесан рекордийн книги тIехь

Алма-Атахь бехачу ДудаевгIеран доьзал дуьнен чохь уггаре а боккха медицинин доьзал бу аьлла билгалбаьккхина Гиннесан рекордийн книги тIехь.

Церан доьзалехь 26 медик ву, царах 18 стоматолог а волуш.

XVIII-чу бIешарахь дуьйна медицинин декъехь болх беш схьабогIу ДудаевгIеран доьзал. Церан бухбиллархо Дудаев Такли ву. Россин–Хонкаран тIеман хенахь говза лор (хирург) ву аьлла, цIеяхна хилла иза. Цуьнан тIаьхьенех бу тахана а Алма-Атахь бехаш болу ДудаевгIеран доьзал (1944-чу шарахь халкъ махках даьккхичахьана дуьйна цигахь бу уьш).

Доьзалан да Дудаев Мохьмад – «Казахийн ССР-н могашаллаIалашъяран отличник», Казахстанан хьакъволу стоматолог ву.

1930-чу шерашкахь дуьйна шен говзаллица болх беш хилла иза Нохчийчохь. ДIакхалхийначохь а 1944-чу шарахь меттигерчу больнице стоматолог дIаэцна иза. Цу хенахь дуьйна цкъа а оцу балхах ца хаьдда иза шен Iожалла тIекхаччалц.

1957-чу шарахь Алма-Атахь арадаьллачу «Къинхьегаман байракх» газета тIехь Курумова Селимас цунах лаьцна «Хьанал лор» статья язйина. С.Курумовас стоматологан белхан цхьа де гайтина цу тIехь. «Массаьрца а гIиллакхе волуш, лазар алсамдаьлла веанчунна, шен говзалла доггах тIеерзийна лоьралла дина ца Iаш, дашца а там беш схьавогIу Дудаев. Воккхачу лоьро Дудаевга олу цкъацкъа: – «КIадлурий техьа хьо? – хьайн норманал совнаха 5–10 лазархо тIеэцча тоьур ма-дара» (статья тIехь ма-хиллара схьаяздина). Цо гойту, Мохьмад шен балхана мел тIера хилла. Чиллин (февраль) баттахь 1978-чу шарахь кхелхина иза (шен 60 шо кхачале).

Дудаев Мохьмадан а, цуьнан хIусамненан Зоян а 19 бер хилла: 12 кIант, 7 йоI. ХIора а кIентан амалш тайп-тайпана хиллехь а, говзалла цхьаъ хаьржина цара – шайн дениг (стоматолог).

Алма-Атахь вежарийн шайн доьзалан стоматологин клиника ю. Иза йиллинарг Мохьмадан воккхах волу кIант СаьIид ву (дIадаханчу 2016-чу шарахь кхелхина иза. Дала декъалвойла иза).

Дуккха а кхиамаш бу вежарийн-стоматологийн а, царна тIаьхьабогIучеран а. Тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалоцуш а, шайна балхахь зеделларг оцу декъехь болчу говзанчашна довзуьйтуш а белхаш бо цара. Цундела, цигарчу нахана беза а беза, лара а лору уьш. Дуккха а ю царах лаьцна, церан болх, дахар, гIиллакх-оьздангалла гойтуш йина публикацеш. Вайна боккха юьхькIам бу иштта нах вайн къомах хилар.

Стоматологийн доьзалан доьалгIа чкъор ду хIинца схьадогIург. Царна чIогIа дика карабирзина и болх, шайн методаш а ю церан, иза хир ду-кх, уьш цIарна цIеяххана говза стоматологаш хилар.

Кхин цхьа хазахетар а ду. Доьзалера 16-гIа кIант – Дудаев Муса, шен доьзалца, Нохчийчу цIа вирзина, Соьлжа-ГIалахь Iаш а, болх беш а ву, дуккха а нах тIеоьхуш, дика говзанча а ву.

Мусас дийцарехь, церан вашас СаьIида олура: «Дарбалелорна цкъа а вайн лулахошкара ахча ма эцалаш. Уггаре а хьалха адамалла хила еза вайгахь, вай муьлш ду а хууш даха деза вай».

Цо дийцарехь, дика хьехамча хилла иза шен вежаршна, кIенташна, церан берашна. ДудаевгIар Хьалха-МартантIера бу, цига цIаберза сатесна а бу уьш.

Мусас дуьйцу, шайн дена а, нанна а, доьзалца цхьаьна (церан доьзал кхузткъа сов стагах лаьтташ бу), Даймахка цIадерза чIогIа лаьара, бохуш: «Тхан дас дина весет а ду, тхоьга цIадерза аьлла. Дала мукъ лахь, и весет кхочушдан лерина ду тхо.

Хийрачу махкахь Iийнехь а, доьзалехь даима а нохчийн мотт а бийцийтина, Iадаташ а лардайтина тхоьга дас-нанас, цул сов, Даймохк беза а, цуьнга сатийса а Iамийна. Тахана а цара Iамийначунна тIехь ду тхо», – бохура цо.

Хь.БАХТАЕВА

Суьрта тIехь: ДудаевгIеран доьзал

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: