«МедиаТЭК» цIе йолчу Ерригроссин III-чу конкурсан федеральни турехь дакъалаца таро ю шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, ягорган-энергетикин комплексан (ТЭК) пресс-службийн а, субъектийн администрацийн а.

«МедиаТЭК»-н официальни сайта тIехь 2017-чу шеран асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна хьаьттан (август) беттан 20-чу дийне кхаччалц схьаоьцур ю заявкаш.
И гIуллакх вовшахтоьхна Россин Энергетикин министерствос. Конкурсан говзанчийн кхеташонна коьртехь ву Россин Федерацин Президентан Администрацин куьйгалхочун заместитель, Россин Федерацин Президентан пресс-секретарь Д.Песков.
«МедиаТЭК»-н конкурсан коьрта Iалашо ю Россехь энергетика кхидIа а сихха кхиор.
Конкурсехь дакъалаца кхойкху федеральни а, субъектийн а шуьйрачу хаамийн гIирсаш, журналисташ, ягорган-энергетически комплексан а, субъектийн администрацийн а компанешца юкъараллийн зIенаш латторан отделаш (цига дIаоьцуш йолу проекташ а, журналистийн белхаш а 2016-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна хьаьттан беттан 20-чу дийне кхаччалц йолчу хеначохь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане бевлла я проекташ кхочушйина хила еза).
Шина муьрехь дIахьур ю конкурс: региональни, федеральни.
Федеральни шуьйрачу хаамийн гIирсаша а, ТЭК-н федеральни компанеша а шайн заявкаш федеральни вовшахтохараллин комитете дIаяхьийта еза, иштта «МедиаТЭК» конкурсан официальни сайта тIехь регистраци ян а еза (цара ерриге Россехь я масийтта регионехь дIахьош долу гIуллакхаш довзуьйту).
Ткъа субъекташкара ТЭК-н компанеша а, администрацийн куьйгалхоша а, шуьйрачу хаамийн гIирсаша а субъектийн тIегIанехь дакъалаца заявкаш чуяла еза (цигахь толамаш баьхначеран белхаш, конкурсан федеральни тIегIанехь дакъалацийта, федеральни вовшахтохараллин комитете талламна дIабохьуьйтур бу).
Россин Федерацин Энергетикин министран заместитела Инюцын Антона ма-аллара, 2015–2016-чуй шерашкахь конкурсан толамхой хоржуш интернетехь биллина (онлайн) кхажтасар дIадахьарца доьзна, конкурс дикачу агIор гIараяьлла, и бахьана долуш, дуккха а нахана конкурс евзина, цундела, хIокху шарахь конкурсехь дакъалоцурш а алсам бу.
Конкурс вовшахтоьхначара дийцарехь, дуккха а кхиаме дIахьур ду и гIуллакх карарчу шарахь, хIунда аьлча дан леринарш дуккха а ду. Бакъду, хIокху шарахь интернетехула биллина кхажтасар дIахьур дац, цуьнан меттана Говзанчийн кхеташонан декъашхоша хадор бу конкурсан дакъалацархойн мах. Царна юкъахь хир бу гIараевллачу федеральни шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, Россин лаккхарчу дешаран заведенийн а куьйгалхой. Иштта, яккхийчу энергетикийн компанийн пресс-службийн куьйгалхоша а дакъалоцур ду конкурсан толамхой къасторехь. Царна юкъахь ю: «Россети», «ФСК ЕЭС», «РусГидро», «СО ЕЭС», «МОСГАЗ», «Газпром энергохолдинг», «Газпромнефть», «Транснефть», «Зарубежнефть», «Интер РАО», «НОВАТЭК», «Фортум», «Сибирская угольная энергетическая компания», «Компания «Востсибуголь», и.дI.кх. а.
2017-чу шарахь юкъаяьхна керла номинацеш а ю конкурсан. Масала, федеральни муьрехь: «ТЭК-н региональни министерствон/департаментан тоьлла пресс-служба», региональни муьрехь: «Шуьйрачу хаамийн гIирсаш – интернетехь», «ТЭК-н регионан компанин тоьлла пресс-служба».
«МедиаТЭК–2017» конкурсан жамIашдаран гIуллакх Дуьненаюкъарчу «Россин энергетикин кIира – ENES» форуман гурашкахь дIахьур ду эсаран (октябрь) беттан 4–7-чуй деношкахь.
Федеральни вовшахтохараллин комитетан координаташ: mediatek@minenergo.gov.ru, +79629972563.
Хь.ЭЛЬБЕРТОВА
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо