Спортан а, туризман а Къоьзан Iам комплексан куьйгалло «Къоьзан Iоман басарш» аьлла конкурс вовшахтоьхнера къоначу суьрташдахкархошна юкъахь.

Асаран (июнь) беттан 10–11-чуй деношкахь дIаяьхьначу конкурсехь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан гIишлошъяран факультетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Искусствон факультетан а 25 студент а, ГIалгIайн Республикерчу искусствийн школин къона суьрташдахкархой а.
Конкурсах лаьцна тхуна дийцира студенташ эцна Веданан кIоштарчу Къоьзан Iоман комплексехь хиллачу Нохчийн Республикин хьакъйолчу суьрташдахкархочо Даудова Фатимас.
Цо дийцарехь, конкурсан лехамашца нийса а догIуш, хIора суьрташдахкархочо 2 сурт дилла дезаш дара, комплексехь шаьш доккхучу шина дийнахь. Къоначу суьрташдахкархоша оьшуш болу белхан гIирсаш – холсташ, басарш, щетканаш – Къоьзан Iоман комплексан куьйгалло еллера. Иштта, транспорт а, юург-мерг а, дерриге а комплексан чоьтах дара.
Даймехкан исбаьхьа хазачу Iаламо дог-ойла гIаттийначу суьрташдахкархошна цхьа а хIума новкъа дацара шайна схьагучу Iаламан хазалла суьрташкахь гайта.
ХIора студент балхана тIевирзина, шена хьалхара мольберт, Iалам бен хIума ца гуш, ца хезаш къахьоьгуш вара. Кегийрхойн хьуьнарш а, церан оьзда леларх а бIаьрг буьзнера комплексан куьйгаллин, къаьсттина директоран Шаблинский Дмитрийн. Самукъадаьлла бара студенташ а. Соьлжа-ГIаларчу шина университетан студенташ вовшашна бовзар а яра проектан дикачу агIонех цхьаъ.
КхоалгIачу дийнахь, жамIаш дича, билгалбевлира толамхой. Хьалхара меттиг Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан гIишлошъяран факультетан студента Альбиев Муслима яьккхира. ШолгIа меттиг а оццу факультетан студента Хаджимурадова Аминас яьккхира. КхоалгIа меттиг шех ца ялийтира оццу университетан студента Махамашев Вахас.
Царна ахчанан совгIаташ дира Къоьзан Iоман комплексан директора Д.Шаблинскийс а, «Къоьзан Iоман басарш» вовшахтохараллин комитетан председатела И.Барзанкаевс а.
Цул сов, «Къоьзан Iоман басарш» конкурс шеран беа муьрехь – бIаьста а, аьхка а, гурахь а, Iай а – вовшахтоха дагахь бу комплексан куьйгалхой. РогIера конкурс гурахь товбецан (сентябрь) баттахь дIаяхьа Iалашо ю. Конкурс ерриге а Къилбаседа Кавказехь хьовха, Россехь а, дозанал арахьа а гIараяьлла евзаш хила йисинарг йоккха юкъ яц.
Студенташа шайн кхоллараллин белхаш комплексана совгIатана битира, комплексе баьхкинчу туристашна суьрташ эца лаахь, уьш дIадухкур ду. Цунах хилла са цхьабосса йоькъур ю. Суьрташ, хаза ца хоьтийла доцуш, даггара а, хаза а дехкина.
– Ас а дитира комплексана «Iоман бердан йистехь – ной» цIе йолу сайн сурт, – элира Ф.Даудовас.
Искусствон новкъахь къахьоьгучу кегийрхошна оьшуш проект ю иза. Иштта дика хьелаш хилча, конкурсан дакъалацархошна дуьсуш дерг сурт, эцархоша къуьйсуш оьцур долуш, хаза диллар бен дац.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Ф.Даудован суьрта тIехь: «Къоьзан Iоман басарш» конкурсан этюд
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо