ТIехьа-МартантIерачу «Колокольчик» берийн бешахь №7 йолчу цIеяйъаран-кIелхьардахаран декъан белхахоша берашца цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь царна цIеяйъаран техника йовзийтира цара.

ЦIеяйъаран техника йовзуьйтуш, цунах лаьцна бераш кхетар долчу маттахь дийцира белхахоша.
Техника йовзийтина ца Iаш, берашца профилактикин къамел а дира. ЦIеяйъаран-кIелхьардахаран декъан инспектора Домбаева Заремас хаийтира цIарца забарш ян мегарг цахилар а, цуьнца ловзар зулам доцуш чекхдериг цахилар а.
ЦIеяйъархойн барзакъ тIедуха а, хIора а спецмашенна чохь болчу аварийно-кIелхьарбахаран гIирсийн таронашка хьовса а, лаам болчарна машенийн кабини чохь Iан а таро хилира.
Профилактикин къамел чекхдаьллачул тIаьхьа, берашна буклеташ йийкъира. Царна хаа мел еза кхерамазаллин бакъенаш, хазачу суьрташца гайтина а, язйина а ю царна тIехь.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: «Колокольчик» берийн бешахь цхьаьнакхетар
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо