Шуьйтан кIоштарчу Уьрд-Юхе юьртахь кхуьуш ю жима Тепсуркаева Лязина. Шен 11 шо бен дацахь а, хьекъална чIогIа ира ю йоI. Коьрте еана ойла сихха дIаязъеш, даима а шеца лелош тетрадь, ручка ю цуьнан. Лязина байташ язъеш ю, дукха хан йоццуш дийцарш яздан а йолаелла.
Дуьххьарлера байт шен нанна лерина язйина цо. Язъярал сов, хаза аз долуш ю йоI. Ша язйина байташ доггах, шен сих чекхйохуш, ладугIучеран дегнашка кхачайо цо.
– 4-чу классехь яра со. Тхан нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Мудаев Саламбека тхоьга Ненан дуьненаюкъара де тIекхочуш ненах лаьцна сочинени язъе аьллера. Хьехархочо тIедиллинарг кхочушдеш кхоллаелира сан дуьххьарлера «Баркалла, сан хьоме нана» байт. Нохчийн яздархойн дийцарш, байташ айса мосазза йоьшу дагчу тосура, «Суна ма лаьара царна санна дийцарш, байташ язъян», олий. Ткъа муха, мичара дIайолаялаеза ца хаьара суна, оцу байто кхоллараллин «бертиг» яьстира суна. «СтелаIад» журнала тIехь зорба тоьхна ю сан и байт, – дийцира Лязинас.
«Баркалла, сан хьоме нана»
Баркалла, сан хьоме нана,
Ахь, езаш, со кхиаярна.
Буьйсанна йижар а доцуш,
Аганахь со техкаярна.Со бахьнехь лайна халонаш
Юьсур яц хьуна ял йоцуш,
Хьан дог ду, нана, комаьрша.
Ехийла хьо могаш-маьрша.
«Нурбика» дийцар яздина йоIа. Оцу дийцаран коьрта турпалхо ю цхьана ден-ненан дашо йоI Нурбика. Иштта, цицигах лаьцна «Рыжик» дийцар ду Лязинас яздина, хIинца а цхьанхьа зорбане даьлла дац цуьнан.
Школехь дика доьшуш ю Лязина. Хьалхарчу классехь дуьйна а Хасторан грамоташ йохуш схьайогIуш ю. Школин юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцу йоIа. КIоштан культурин цIийнан векалша а сих-сиха кхойкху иза цхьацца мероприятешкахь дакъалаца. КIоштан «Синмехаллаш» конкурсехь дакъалацарна елла дуккха а Сийлаллин грамоташ а ю цуьнан.
КIоштарчу культурин цIийнехь, спектаклехь ролаш ловзон, хорехь йиш лакха, хелхаяла, байташ еша Iамош, шина шарахь дийшира йоIа. Цунна къаьсттина дукхаезара йиш лакха Iамош йолу хьехархо Налаева Луиза, байташ еша Iамош йолу хьехархо Далдаева Нурет. Байташ еша Iаморал сов, уьш муха язъян еза а хьоьхура цо.
ХIокху аьхка, доьзал Соьлжа-ГIала схьакхалхар бахьанехь, цигара дешар юкъахдита дезна йоьIан. Амма иза мукъа Iаш яц.
Куьйгаговзалла караерзош ю. Кегийчу туьтех, бес-бесарчу салфеткех зезагаш а, кегийчу тIулгех, серех бIаьвнаш, цIенош до Лязинас. Оцу новкъа иштта дIайодахь, сирла кхане ю Лязине хьоьжуш.
ВЕГИЕВА Макка
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо