Дагардина а вер воцуш, дукха ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу региональни юкъараллин фондо адамийн дахаран дерриге а дакъошкахь деш долу беркате гIуллакхаш.

Вайна ма-хаъара, оцу фондан чоьтах дуккха а цIенош, маьждигаш, школаш, могашаллаIалашъяран а, культурин а учрежденеш йина вайн республикехь.
Iаламат дукха бу фондо гIо-накъосталла динарш. Цомгашчарна – могашалла тояран гIирсашца, гIийлачарна хIусамашца гIо до цара, иштта буоберийн терго а йо. Вайн республикерчу бахархошна гIо дина ца Iаш, луларчу регионашка кхачадо цара шайн сагIанаш. Иштта, тIемаш болчу бусалбачу пачхьалкхашка тоннашкахь сурсаташ, тIе-кога юху хIуманаш яхьийтар ламасте дирзина. ХIора дийнахь хеза Региональни юкъараллин фондан президентана Кадырова Айманина баркаллаш бохуш.
ХIара асаран (июнь) бутт болабелчахьана фондо дуккха а гIоьналлин гIуллакхаш дIадаьхьна республикехь а, цул арахьа а. Уьш довзуьйту оха.
Хьалха-МартантIера, Соьлжан, Шаройн, Гуьмсан кIошташкара 342 буобер а, заьIап бер а Соьлжа-ГIаларчу модийн Firdaws цIийне далийнера дукха хан йоццуш. Цаьрга шайн дезза духарш харжийтира цигахь. И тайпа совгIаташ кхечу кIошташкарчу буоберашна а, заьIап берашна а дан лерина бу фондан куьйгалхой.
Ши бутт хьалха (оханан (апрель) беттан 12-чу дийнахь), Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштахь вехачу 21 шо долчу Сугаипов Денин хIусамаш, цIе а яьлла, яьгнера. Дени да-нана доцуш, ша цхьаъ кхиъна ву. Иза хиъначул тIаьхьа, Фондан президента Кадырова Айманис цуьнан хIусам меттахIоттор тIедиллина. Мел оьшучу гIирсашца а, чохь оьшучу йийбарца а гIо-накъосталла дина Д.Сугаиповна.
Иштта, Кадырова Айманин тIедилларца Гуьмсан кIоштарчу Къеди-Юьртахь бехачу ЮнусовгIеран доьзална керла цIа дина фондо. ХIокху баттахь цу чубирзина доьзал.
Масех шо хьалха, Фондан президентан лаамца, юкъаяьккхина ю бусалбанашка марха дастийтаран дуьненаюкъара гIоьналлин акци. ХIокху баттахь а дIахьош ю иза.
Иштта, хIокху деношкахь Москварчу «Рамаданан четарехь» цхьа эзар сов бусалбанан таро хилира марха даста. ЧIепалгаш, хингалш, жижиг-галнаш, плов, иштта дIа кхидолу даарш а дара марха достучарна луш.
ГIийла бохкучу доьзалшна кхачанийн сурсаташ декъна фондо (цхьана тIоьрмиг чохь моз, стоьмаш, котам, шура, мутта (сок), бепиг а долуш). Нохчийчуьрчу ерриге а кIошташкахь дIадаьхьна иштта сагIа даккхар.
Хь.ДАУДОВА
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо