«Нелегал» операци дIахьош наркотикаш схьаяьхна
«Нелегал» цIе йолу оперативни-профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, хIокху деношкахь,Теркан кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша наркотикаш схьаяьхна меттигерчу вахархочуьнгара.
Оперативни мероприятеш дIахьочу муьрехь, хьалхуо кхаьчна оперативни хаам талларан Iалашонца, Лакха-Невре юьртахь полицин белхахоша сацийра «ВАЗ-217030» машен. Иза лелош 1983-чу шарахь вина волу меттигера вахархо хилла. Таллам дIахьош полицин белхахоша цуьнгара, гучу а яьлла, схьаяьккхина 5 грамм ораматех схьаялар долу, кIомалан ша-тайпа хьожа йолу хIума.
Бакъо талхийначо полицин белхахошна дийцина ма-хиллара, цуьнгахь карийнарг кIомал ю, иза цо Лакха-Невре юьртан йистехь лахьийна а хилла, ша-шена латтош а хилла, йохкаран Iалашо а йоцуш.
Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-службо хаам беш ма-хиллара, бакъо талхийначунна тIедиллина отделе вар, дIахьош бу таллам.
Некъан бохам хилла
Шелан кIоштахь, Устрада-ГIалина а, Мескар-Эвлана а юкъахь болчу машенийн новкъахь, некъан-транспортан бохам хилла, цхьа стаг лазийна.
Соьлжа-ГIала – Шела машенийн новкъахула вогIу «ВАЗ-2107» машенан водитель дуьхьалйогIучу машенийн асанна тIевалар бахьанехь, цуьнан машен а, 1988-чу шарахь вина волчу республикин кхечу вахархочун «КАМАЗ» машен а вовшахкхетта.
И бохам бахьанехь, чевнаш хилла, 41 шо долу «ВАЗ-2107» машенан водитель больнице кхачийна. Хиллачун хьокъехь дIахьош таллам бу.
I.МУРТАЗОВ
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо