Социальни хьашташ кхочушдаран туьшашкахь

Ветеранийн къаьсттина терго йо

Курчалойн кIоштахь йолчу «Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туш» ГБУ-н директоран Д.Шавлаевн куьйгаллица къахьоьгуш болчу белхахоша шайн болх бо «Россин Федерацехь бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран баххийн хьокъехь долчу Россин федеральни законца а, «Социальни хьашташ кхочушдечара кхочушдеш долчу хьаштийн барам а, Нохчийн Республикехь маьхза хьашташ кхочушдархьама доьзалерчу хIора синна цIарах тIебогIучу пайданан барам а чIагIбаран хьокъехь» долчу вайн республикин законца а нийса а догIуш.

Карарчу хенахь кIоштарчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшан белхахоша къаьсттина лерина терго ечарна юкъахь ву Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ши ветеран, ветеранех йисина Iаш йолу ялх зуда, тылан бархI къинхьегамхо, ткъа иштта заьIапхой, юххехь верас воцуш бисина къаной, буобераш, гIийла-миска нах. Къанойн а, заьIапхойн а хьашташ шайн цIахь кхочушдаран декхарш кхочушдеш ву 12 отделенера 190 социальни белхахо. Церан балха тIехь сема терго латтайо оцу отделенийн заведующеша.

Цул сов, комплексни туьшехь социальни-медицинин хьашташ кхочушдеш йолу отделени а ю. Цигахь болх беш цхьа лор а, медицинин кхин а 20 белхахо а ву. Уьш кест-кеста хуьлу шаьш тергонехь латтош болчу тIеман а, къинхьегаман а ветеранаш, заьIапхой, къаной бехачу хIусамашкахь. Халахеташ делахь а, къаналле вирзина кIоштахь Iаш волу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ши ветеран. Царах цхьаъ Курчалойн-Эвлахь Iаш ву. Иза Дачаев Амади ву. Цуьнан 98 шо ду. Иза тIаьхьарчу хенахь меттахь висина. Дала маршалла дойла цунна. Дала хан яхйойла цуьнан.

ТIеман шолгIа ветеран Исмаилов НогIи Майртуьпахь Iаш ву. Цуьнан 88 шо ду. Цуьнга хьаьжна доцуш, иза дикка жигара ву. Къамелана тIера а ву. Диначу хаттарна жоп дала карахдолуш ву. Цо дийцира тIом болчу хенахь шайн долахь йолчу ворданахь салташна хи а, кхачанан сурсаташ а кхоьхьуш гIуллакх дина хиларх лаьцна. Ткъа и салтий саьнгарш йохуш хилла, Теркал дехьа лаьтташ йолу немцойн танкаш Гуьмсе йолчу агIор сехьа ца йовлийта. Немцойн кеманаша хIетахь бомбанаш етташ хилла Соьлжа-ГIала. Наггахь фашистийн кеманаш церан кIошта а кхочуш хилла. Уьш тергал а ца деш, дуьхьалонан чIагIонаш еш хилла наха. НогIи, ши сту боьжначу ворданахь хи а, кхачанан сурсаташ а кхоьхьуш хилла вайн салташна…

Амма 1944-чу шарахь ИсмаиловгIар, дерриге а нохчийн халкъ санна, махках бехира. Уьш ГIиргIизойчу кхечира. Цига дIакхаьчча, бераш, зударий, къаной боцурш, болх бан хьуьнаре мел верг фронтан хьашташна болх бан араваьккхира. ЦIерадахале ялх класс чекхъяьккхина волу НогIи Дошлойн тIеман 117-чу заводе балха хьажийра. Оцу заводехь фронтана кхиайора «буденовн хIух» ю олу говраш. Цигахь 13 шарахь болх бира Н.Исмаиловс. Даймахка цIавеача колхозан председатель хIоттийра иза. Бахам цо схьаийцира цIадахьарошкара (даргинцы). Вайн халкъ махках даьккхича, нохчийн кхечу ярташка санна Майртуьпа схьакхалхийна хиллера уьш.

Иштта, Н.Исмаиловс болх бира шайн хьалха хилла цIенош цIадахьарошкара схьаоьцучу комиссин председатель волуш. Ша пенси ваххалц бохамаллин тайп-тайпанчу даржашкахь болх бина цо. Иза Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеран лоруш ву. ХIунда аьлча, махках дахале хьалха а, махках даьхча а цо фронтан хьашташна болх бина. Цундела иза оцу тIеман дакъалацархо лоруш ву. Хьокъала доллу документ а делла цунна.

– Ас баркалла боху вайн республикин куьйгаллина а, Нохчийчоьнан къинхьегаман, бахархой балха нисбаран, социальни кхиоран министерствона а тхайн чкъуран гIайгIа барна, тхайн хьашташ кхочушдарна, – бохура Н.Исмаиловс.

Иштта цо баркалла элира кIоштарчу къанойн, заьIапхойн, гIийла-миска нехан хьашташ леррина кхочушдеш болчу туьшан белхахошна.

Н.Исмаилов волчохь кест-кеста хуьлу оцу туьшан социальни белхахо Несерхоев Дукхаваха. Чийрикехь цкъа цунна кхачанан сурсаташ дохьу. Ткъа дезчу деношкахь туьшан куьйгалло совгIаташ дохьу НогIина.

Балха хIиттийна

Заводской кIоштарчу «Бахархой балха нисбаран туьшан» коллективо шен белхан декхарш кхочушдо Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а законашца нийса а догIуш, царна тIе а тийжаш, царах куьйгалла а оьцуш. Цундела туьшан болх кхиаме а бу. Кхузарчу белхахоша кIоштан бахархошна гIо до шайна оьшуш болу болх лахарехь.

Пачхьалкхо хьашташ кхочушдаран административни регламентаца нийса а догIуш, дIахьо бан болх боцуш берш хьесапе эцар, царна белхазаллина пособи хIоттор, белхан меттигаш лахар, кхидерг. Цуьнца цхьаьна болх лоьхучарна довзуьйту къинхьегаман рынкехь белхан меттигашца долу хьал. Вуьшта аьлча, мичахь белхан хIун меттигаш ю дуьйцу, балха хIотта йолу таронаш йовзуьйту, керлачу корматаллина Iама некъ хьоьху, цу тIехь гIо-накъосталла до.

Туьшан директоран заместитела Ш.Хасаевс дийцарехь, церан белхахоша жигара гIуллакхаш до организацешкахь, учрежденешкахь, предприятешкахь белхан мокъа меттигаш ю-яц хьовсуш. Уьш хааелча, белхазхошна балха дIахIитта гIо-накъосталла деш. Белхан меттиг нисъелла хьал хилча, коьрта тидам тIебохуьйту заьIапхо балха вахийтарна.

– Тхан кIоштахь 110 организаци ю. Уьш ерриге а тхан туьшаца хаддаза зIе латтош ю. Цара хIора баттахь хаамаш бо белхан меттигийн хьокъехь, – бохура Ш.Хасаевс. – Оцу организацех 55 организацина адамаш балха эцарна квота хIоттийна. Шайн белхалойн барам бIе стагал лакхара болчу 23 организацина 4 процентана квота хIоттийна. ХIокху шарахь 194 заьIапхо балха хIотто аьтто баьлла. КIоштарчу 32 предприятехь болх беш 35 стагера 100 стаге кхаччалц белхалой бу. Царна 3 процент квота хIоттийна. Цара хIокху шарахь 77 белхан меттиг хилийтинера. Царах 76 меттиге нах балха хIиттийна.

ХIинца а туьшан говзанчаша дIахьош ду, балхана хьуьнаре а болуш, амма, бан болх боцуш болу заьIапхой хьесапе эцар, царна анкеташ хIиттор. Ш.Хасаевс чIагIдарехь, бахархошна белхан меттигаш лахаран, кIоштара белхазалла лахъяран болх кхул тIаьхьа а хаддаза дIахьур бу туьшехь.

З.ФЕДОРОВА

Зорбане кечйинарг – С.ДАДАЕВ

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: