Республикин клиникин больница: селхана а, тахана а

186 шо ду Нохчийчохь республикин клиникин больница йиллина. 1831-чу шарахь Грозный гIопахь цкъа хьалха гарнизонан лазартни йиллина хилла. Нохчийн Республикехь хилла ца Iаш, ерриге а Къилбаседа Кавказехь уггаре а ширачех ю иза.

1847-чу шарахь сийлахь-воккха оьрсийн хирург Пирогов Николай веана хилла Нохчийчуьрчу больницерчу эскархойн лоьрашна операцеш дIаяхьаран говзалла караерзорехь шена зеделларг довзийта. Иштта, кхузарчу медицинех гIеххьа цецваьлла а хилла иза. Цул сов, ламанхойн халкъан медицинин лаккхара мах а хадийна, дуккха а хIума тидаме а эцна цо.

Хенан йохалла тайп-тайпанчу цIершца билгалйоккхуш хилла больница: Соьлжа-ГIалин республикин тIеман ветеранийн лазартни, республикин тIеман 3-гIа лазартни, Советийн 1-ра больница, иштта кхин дуккха а.

XIX-чу бIешарахь лаккхара говзалла йолчу дуккха а лоьраша болх бина цигахь: профессорша Н.Нежибицкийс, Д.Сергиевскийс; РСФСР-н Сийлахьчу лоьраша: хирурга С.Несмеяновс, рентгенолога Л.Гольцмана, окулиста Л.Проньса, невропатолога К.Шпиглерса, оториноларинголога А.Беловидовс, хирургаша: А.Тукаевс, К.Мулкиджанянса, кхечара.

Ткъа нохчийн лоьраш республикин больницехь болх бан 1870-чу шерашкахь буьйлабелла. Царах хьалхарнаш хилла: Ш.Эпендиев, А.Юшаев, Х.Бахарчиев, С.Межидов, А.Шамилев, С.Берикханов, кхиберш.

2010-чу шарахь Эпендиев Шахьабан цIе тиллина республикин клиникин больницина (Ш.Эпендиев НГIАССР-н а, Россин Федерацин а сийлахь лор аьлла билгалваьккхина дуьххьарлера нохчийн лор ву).

Вайн республикехь цIе яккха хьакъ долуш дуккха а нах бу. Царах бу шайн хан, хаарш, дахар нахана пайдехь хиларна дIаделла лоьраш.

Стеган де эшначу дийнахь уггаре а хьалха оьшург лор ву. Цуьнан хаарех доьзна дуккха а хIума хуьлу, адамийн дахар а цхьаьна. Таханлерчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу республикин клиникин больница дуккха а говзаллийн медицинин учреждени ю (больницин майда 72 000 квадратни метр ю).

Больницехь болх беш 29 отделени ю. Царна юкъахь ю: эндокринологи, хирурги, гинекологи, нефрологи, отоларингологи, урологи, кардиологи, неврологи, офтальмологи, ревматологи, ортопеди, гастроэнтерологи, пульмонологи, гематологи.

Дийнахь а, буса а болх беш ю больница. Консультацин поликлиникерчу 21 отделенехь хIора дийнахь 450 стаг тIеэца таро ю лоьрийн. Цул сов, республикин кIошташкахь белхаш дIахьош а бу оцу больницера лоьраш.

Республикин больницехь болх беш 170 лор ву, царах Россин Федерацин хьакъволу лор 1 ву, Нохчийн Республи- кин – 5, ГIалгIайчоьнан – 1, медицинин Iилманийн доктор – 2, медицинин Iилманийн кандидат – 5, «Россин Федерацин могашаллаIалашъяран отличник» – 1, «Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран отличник» – 3, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон штатехь боцу коьрта говзанчаш – 11, иштта лаккхара корматалла йолу 327 медйиша.

Шайн белхахой кест-кеста Россерчу тайп-тайпанчу регионашка корматалла лакхаяккха курсашка бохуьйту куьйгалло. Иштта, лоьрийн а, медйижарийн а конференцеш дIахьо больницехь, цигахь билгалйоху уггаре а чолхе проблемаш. Нохчийн пачхьалкхан университетан Медицинин институтерчу студенташна лерина кафедраш а ю больницехь.

«Тхайн иштта дика кхиамаш хиларна уггаре а хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна хьалха декхарийлахь ду тхо, хIунда аьлча, вайн махкахь могашаллаIалашъяран декъехь дуккха а къахьегна, тахана а къахьоьгуш ву иза. Вайн махкахошна дика хьелаш кхоллархьама динарш дуккха а ду. Цундела, тхуна, лоьрашна, болх бан Iаламат атта ду», – боху Республикин клиникин больницин коьртачу лоьро, профессора, медицинин Iилманийн доктора Метаев Сосламбека.

Хь.БАХТАЕВА

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: