С.Яндаров: «Гинарш а, лайнарш а дукха ду»

Россин Федерацин хьакъволу лор, Нохчийн Республикин сийлахь вахархо, медицинин Iилманийн кандидат, лаккхара говзалла йолу травматолог ву Яндаров Салман.

1956-чу шарахь Казахстанан къилберчу Ванновка юьртахь кхиамца школа чекх а яьккхина, оццу шарахь Карагандарчу пачхьалкхан медицинин университете деша вахана Салман. Иштта дIадоладелла цуьнан медицинин декъехь къахьегаран дахар.

2 курс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1958-чу шарахь, Нохчийчу цIабирзина Салманан доьзал. Дешар Дагестанерчу медицинин институтехь 1962-чу шарахь чекхдаьккхина цо.

Цул тIаьхьа хилларш, лелийнарш Iаламат дукха ду. Салмана дийцарехь, цхьа а де мукъа а я мукъачарах хьоьгуш а ца даьккхина цо. Делан дуьхьа ша схьалаьцначу некъа тIехь тахана а цIена чекхволуш ву (ша дезткъалгIачу шаре вирзинехь а, кегийчаьрца цхьаьна, церан хьехамча а хилла, болх беш ву).

Доьшуш а волуш волавелла иза болх бан. Дуьххьара болх бар ша 2-чу курсехь а волуш Курчалойн кIоштарчу больницехь нисделла цуьнан. Цул тIаьхьа, дешна ваьлча, Хьалха-Мартан кIошта хьажийна, цигахь 2 шарахь болх бина. Шен хаарш тIедуза лаам хилла, 1964-чу шарахь Н.И.Пироговн цIарахчу Москван 2-чу пачхьалкхан медицинин институтан травматолого-ортопедин кафедрехь йолчу ординатуре деша вахана.

Ординатура чекхъяьккхинчул тIаьхьа, цигарчу говзанчаша аспирантурехь саца боххушехь, Нохчийчу цIавирзина.

– ЦIавоьрзучу хенахь, сайна хьалха хIиттийна яккхий Iалашонаш яра сан. Республикехь хирурги а, травматолого-патологи а, берийн травматологи, багийначу нахана гIо даран отделени а схьаелла лууш вара со, – элира цо.

Республикин больнице балха дIаоьцу Салман (дешна ваьллачул тIаьхьа белхан стаж 5 шо долу говзанчаш бен дIаоьцуш ца хилла цига, ткъа Салманан белхан стаж 2 шо бен ца хилла).

Иштта, шен 26 шо долчу хенахь лаккхара говзалла йолу лор лоруш хилла иза. Оцу шерашкахь чуваха хIусам ца хилла цуьнан, бевза-безачаьргахь Iаш болх беш хилла. КхидIа а шен говзалла лакхаяккха лаам алсам хиллачу Салманан аспирантуре ваха сацам хуьлу.

1971-чу шарахь Ленинградехь аспирантура чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийчу цIавоьрзу иза. Медицинин Iилманийн кандидат волчу Салманна белхан меттиг ца нисло (Ленинградехь балхахь саца боххушехь цIавирзина хуьлу иза). Юккъе кхин хан а ца юлуьйтуш юхавоьду иза. Иштта, 23 шарахь Ленинградерчу больницехь травматологин отделенехь заведующин болх бо цо.

Россехь цIеяххана волу нохчийн говзанча цIаверзо лаам болчу Нохчийчуьрчу векалша воьхий цIавалаво Салман.

Шен Даймахкахь болх бан хьаьгна волчу цуьнга дукха дехарш дан дезаш ца хуьлу (цул сов, республикехь травматологин туш йилларе сатуьйсуш а хилла иза). Шен хIусамненаца, шина йоIаца цIавоьрзу иза.

Даймахкахь болх бан волавелла дукха хан ялале тIеман хьалхара кампани йолало.

– Къизалла. Тешнабехк. Сийсаздар. Харцо. Бала. Iожалла. Гинарш дуккха а ду, иштта дицдинарш а ду оццул, – элира Салмана. – 1995-чу шарахь дуьххьарлера хирургин кабинет йиллира оха (коьртехь Салман а волуш). Дуккха а хуьлура дархой, баларш а нислора оцу заманчохь дукха. Хала зама яра иза.

Массеран а санна, Соьлжа-ГIалахь тхан хилла долу ков-керт, хила а ца хилча санна, дохийна дIадаьккхира. Чу ваха меттиг яцара. Шайн хиллачу цIенойн ларми чохь хIусамненаца яьккхира Санкт-Петербурге юха дIаваххалц йолу зама (ши йоI Санкт-Петербурге деша дIаяхийтина хилла).

– Iаламат ирча хьал дара оцу шерашкахь вайн махкахь хилларг. Дукха нах хуьлура лоьрийн дарба дан дезаш. ТIамо дуккха а чевнаш юьтура дийна бисинчарна тIехь. Нахана хууш-м хир дац, бакъду, хIокху (Соьлжа-ГIалин 9-чу больницин) хирургин отделенехула дуккха а эзарнашкахь нах чекхбевлла. Уггаре а халаниг – боцучу медицинин гIирсашца, молханашца дарбанаш лело дезаш хуьлура. Iаламат хала операцеш, анестези а ца еш, дIахьора. Коьрта Iалашо, Делан къинхетамца, стаг валарх кIелхьарваккхар дара. Лоьрера бехкаш дохурш ца хуьлура тахана санна. Зама кхин яра. И эрчо цкъа а чекхъер яц моьттура. Делан къинхетамца, мацца а маьрша денош кхечира вайна. АльхьамдулиллахI», – элира Салмана. – Ши тIом хилла олий дуьйцу вай, шиъ хилла ца Iа уьш соьга хаьттича. ХIора буьйсанна а хуьлуш берг керла тIом болуш санна хетара. Дуккха а лазамаш, баланаш бохьура, цуьнца цхьаьна синош а дIахьора буьйсано. Наб а яйнера, и буьйсанна еш хилар а дицделлера нахана, – лазамца дуьйцура цо.

Ша ларми чохь Iаш хиллехь а, балха дIасаваха машен ца хиллехь а, болх дIатасар дагахь а ца хилла, цунна санна, цигахь оцу шерашкахь къахьоьгуш хиллачу белхахошна а. Соьлжа-ГIала кхоччуш яссаелча бен ца вахана иза шен хIусамненаца цхьаьна Санкт-Петербурге. ТIом дIабирзинчул тIаьхьа цIа ван хIусам цахиларна цигахь ваха висира.

– Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницин коьрта лор Ханбиев Iумар веара суна тIаьхьа Санкт-Петербурге. ЧIогIа оьзда, лаккхара говзалла йолу хирург вара Iумар. Иза массарна а чIогIа дукхавезара. ХIинца а цуьнан цIе дегайовхонца йоккху ас. Iумара Нохчийчу схьакхайкхира со. Суна мел оьшу хьелаш хуьлуьйтур ду, махкахь говзанчаша оьшу, аьлла. Со сихонца цIавирзира, – дуьйцу цо.

Оцу шерашкахь доггаха болх бина цо Нохчийчохь. Ткъа 1999-чу шарахь юха а «къизаллин зама» еана тIе. Хьалха хилларш дицдеш ирча хилла 2-чу тIеман кампани. Гуш йолу къизалла лан а ца елла, Салманна инфаркт а хилла. Цул тIаьхьа Нальчикехь дарбанаш лелош меттавогIуш хан яьлла цуьнан.

– Сайн зеделларг тIеман хенаца доьзна хиларна, тахана иэсехь карладевлла лазаме мел дерг. АльхьамдулиллахI, Далла бу хастам вай тахана маьршачу дахаре кхаьчна хилар, и вайна ма-хаъара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, Делан къинхетамца вайна яьккхина паргIато ю, вайн и дицдан бакъо яц, – элира цо.

– Салман белхан накъост а, дика доттагI а ву сан. Тхойшиъ вевза дукха хан ю. Болх бан цхьана меттехь ца волавеллехь а, доьшуш цхьаьна хилла тхойшиъ. Иза лаккхара белхан говзалла йолуш ву. Оцу хенахь Нохчийчохь дукха бацара ординатура, аспирантура чекхъяьккхина, медицинин Iилманийн кандидаташ болу лоьраш. Цундела дозалла дора Салманах. Ерриге а Къилбаседа Кавказехь уггаре а тоьллачу травматологин хьалхарчу могIарехь ву иза. Нахана оьшуш ву, хIинца а операцеш еш ву. Салманна тIеоьху дархой цкъа а совцуш бац. Цунна баркалла бохурш дукха бу. Таханлерчу дийнахь медицинин декъехь болх бечу дуккха а кегийрхошна хьехархо а хилла дIа а хIоьттина иза. Вайн гIаланашкара а, кIошташкара а, кхечу регионашкара а студенташ, аспиранташ оьху цунна тIе. Шена хуург дерриге а царна довзийта гIерташ хуьлу Салман, – дозаллица дийцира Россин Федерацин хьакъволчу лоьро, цуьнан доттагIчо, белхан накъоста Межидов СаьIидбека.

Салмана тIеман хенахь шегара доза доцу къинхетам гайтина. Цуьнан меха дуьненахь кхин хIумма а дац. Цхьана а дийнахь ша кхоийна вац Салман. Цо шен дерриге а дахарехула нахана муьтIахь хиларца схьайохьуш ю шен цIе.

Россин гIарабевллачу журналисташа статьяш язйина Салманах лаьцна. Лаккхара мах хадабо цара цуьнан: «СалмангIар а, ИвангIар санна, тайп-тайпана хуьлу. Цхьаболчара дахарна новкъарло йо, кхечара дахаран некъа тIехь гIо до. Нохчийчохь дика а вевзаш волу лор, «легенда», травматологин а, ортопедин а отделенин заведующи Яндаров Салман вийца хьакъ волу говзанча ву.

Россин кхечу регионашкарчу больницашкахь лаккхарчу даржашкахь болх а беш, цигарчу нахана везаш а, лоруш а хилла волу Салман, ша цIахь оьший хиъча, дерриге а дитина шен къоман дуьхьа цIавирзина».

Вайна тахана доккха дозалла ду иштта говзанчаш вайна юкъахь хилар. Царах лаьцна дийца дуккха а ду, уьш хьакъ а бу шайх лаьцна дийца.

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: