Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо Шемарчу 10 эзар доьзална а, буоберашна а гIо дийр ду

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо республикерчу хала бохкучу доьзалшкарчу берашна а, буоберашна а, заьIап берашна а доккха гIо-накъосталла дина ца Iаш, Шема а хьажадо леррина гIо-орца. Иза дерриге а Мархийн бутт чаккхене боьдуш хиларца доьзна ду.

Дукха хан йоццуш Хьалха-Мартанан, Соьлжан, Шаройн, Гуьмсан, Невран, Курчалойн, Веданан, Итон-Кхаьллан кIошташкара 1 700 сов буобер а, заьIап бер а Соьлжа-ГIаларчу модийн Firdaws цIийне а дигна, цаьрга шайна дезза духарш харжийтина цигахь. И тайпа совгIаташ кхечу кIошташкарчу буоберашна а, заьIап берашна а дан лерина бу фондан куьйгалхой. Оцу тайппана акци Соьлжа-ГIаларчу махлелоран «Минутка» туьшехь Шеларчу а, Устрада-ГIаларчу а берашна а йина. Цунах тера догIу гIоьналлин гIуллакхаш Шемахь а жигара дIахьош бу фондан векалш.

Шемарчу 10 эзар доьзална а, тIеман тийсадаларшкахь кхелхинчу Шемин эскархойн берашна а гIо дан лерина ю Ахьмад-Хьаьжин цIарах фонд. Иштта хаам бина оцу фондан Шемахь волчу векала, республикин Муфтин арахьарчу гIуллакхашкахула волчу наиба Даудов Туркос.

«Дикка хан ю Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо Шемарчу бахархошна а, оцу махкахь дIаберза ца туьгуш лаьттачу тIамах бевдда Иордане а, Ливане а баханчу мухIажаршна гIо деш долу. Мархийн безачу баттахь фондо шен гIо-орца къаьсттина берашна тIехьажийна», – аьлла цо.

Цо билгалдаккхарехь, Шемарчу ерриге а провинцешкарчу 10 эзар доьзална а, тIеман тийсадаларшкахь кхелхинчу Шемин эскархойн берашна а лерина ду фондан рогIера сагIа.

«РогIера сагIа вовшахтухуш фондо 500 эзар соьмана харж йина. ХIара гIо дIакхачор оха Шемин Вакуфийн гIуллакхашкахула йолчу министерствоца а, Шема кхиоран фондаца а цхьаьна дIахьош ду. Оцу фондан куьйгаллехь Асад Асмаъ ю. Иза Шемин Президентан Асад Башаран хIусамнана ю», – билгалдаьккхина Даудов Туркос.

Шен къамелехь цо тидамза ца дитира Шемарчу Алеппо а, Хомс а шахьаршкара ши маьждиг меттахIоттор а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо шена тIелаьцна хилар.

«Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан президента А.Кадыровас Шемарчу бахархошна сурсатийн тускаршца гIо дина ца Iаш, Алеппохь а, Хомсехь а долу цхьацца маьждиг (Омейядийн а, Халид ибн Валидан а маьждигаш), фондан чоьтах меттахIоттор къобалдина. Карарчу хенахь Шемарчу буоберашна лерина «юкъарIойлаш» яран гIуллакх ду дийцаре деш. Бакъду, уьш ян тарлуш йолу майданаш билгалъяьхна яц, амма Хомсехь а, Алеппохь а уьш хила лаарца боьзна болу фондан куьйгаллин лаам меттигерчу куьйгаллина дIабовзийтина хIинцале», – элира цо.

И.ИСЛАМОВ

№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: