Иэс: археологин ахкарш

Адамаша Iер-дахарехь пайдоьцучу хIуманех уггаре  шира ткъех хIума

Сурт хIотто хала-м ду цу белхан, амма тахана адамаша пайдаоьцучу хIуманех цхьаерш, Iилманчаша дийцарехь-чIагIдарехь, бIеннаш, хьовха эзарнаш шераш хьалха а хилла ю. Лахахь оха шун тидаме ехкинарш таханлерчу дийне евллачарех уггаре а шира ткъех хIума бен яц. Кхеташ ду цу хIуманех, цхьаерш билгалйинчу хенал  дуккха а хьалха юкъаевлла хила мегаш хилар.

 

Уггаре а шира дIаязбина мукъам (хан – 3400 шо)

№1 уггар шира мукъам

Зилйозан гIоьнца кхийра экъан тIе дIаязйина йолу хурритийн карарчу шаIарал (эрел) хьалхарчу 3-чу эзаршеран шолгIачу эхехь  Къилбаседа  Месопотамин дозанашкахь гучудаьлла шира  къам) гимн адамийн исторехь  уггаре а  шира  дIаязбина  мукъам бу. Iилманчаша  вайн шаIарал  хьалхарчу 1400-чу шарахь  дIаязбина  аьлла билгалбина  болу  и мукъам-артефакт карийна  вайзаманан Шемин Угарит (Къилбаседа  Ханаан) гIалахь. Мукъам дIаолуш хилла  Беттан  цIун  хьурматна.

Дуьнен чохь уггаре а  шира  анимаци (хан – 5000 шо)

№2 уггар шира аннамаци

Иранан Къоман  музейхь дIайиллина, Iалашъеш ю  кад молу 10 см. локхалла  йолу  кхийра пхьегIа (кубок). ПхьегIан  горгалла, гуобаьккхина, диллина  газан боларан тIаьхьий-хьалхий  нийса  догIуш  нисдинчу  меттахъхьеран 5 сурт ду. Цкъа хьалха диттан  агIор  едда гойту  газа  суьрта  тIехь, юха  цу  дитта  тIера  гIаш дууш гойту. ПхьегIа карахь  хьовзийча, гуш хуьлу и чолхе йоцу анимаци. Iилманчаша  вайн (шаIарал) хьалхарчу 3000-чу шарахь  кечйина лоруш ю иза.

 

 

 

Уггаре а шира  пазаташ (хан – 1500 ш.)

№3 уггар шира пазаташ

300-чу шарний, 490-чу шарний юккъехь йолчу заманца йоьзна  лоруш ю и  Ширачу Мисаран (Древний Египет)  вахархочун хилла тIергIан пазаташ. ХIара пазаташ сандалеш  чухула юхуш  хилла  хиларна ю кхеран  кху  суьрта тIехь  вайна  гуш йолу  шатайпа  кеп. Кху пазаташка хьаьжначу  вайна билгалдолу  кхузаманан мел чIогIачу дизайнерша юьйцинчу  пазател а хIара  1500 шо  хьалха  юьйцина пазаташ  хIумма а эшна йоцуш хилар.

 

Уггаре а шира  мача  (хан – 5500 шо).

№4

Уггаре а шира тIаьрсиган  мача  Эрмалойчоьнан цхьана  хьеха чохь  карийна  талламхошна. Эзарнаш  шерашлахь, хIаллакьхиларх ларъеш, цхьа шатайпа консервант а хилла, и мача  таханлерчу дийне  яьккхинарг  цунна тIехула  цастаршлахь лацаелла лаьтта уьстагIийн бацашца ийна  йолу  кхелли лору Iилманчаша-талламхоша. 5500 шарахь  екъачу хьеха чохь  Iиллина хIара мача  чIогIа  дика  йисина ала мегар долучу хьолехь ю. Тамашийна хета и мокасин тайп вайзаманан мачийн цхьайолчу моделех сел чIогIа  тера йогIуш хилар!

Уггаре а  шира  шарбал  (хан – 3400 шо)

№5

Малхбузе Чинехь (Западный Китай) ширачу  некрополан дозанашкахь  талламан белхаш беш, карийна археологашна дуьнен чохь  уггаре шира шарбал. Хетарехь  иза азиатийн  кхерстачу халкъех  (кочевые народы)  цхьана  халкъан  векалан хилла, Iилманчийн хьесапехь, 3400 шо герга  зама хьалха. Iилманчашна хетарехь,  карийначо чIагIдо  дой хахкарехь аьхна йолу шарбал дуьххьара кхерстачу халкъех болчара  дагаяийтина  хилар.

Уггаре а шира тIоьрмиг (хан – 4500 шо)

№6

Германехь  вайн шаIарал хьалхарчу 2500–2200-чуй  шерашкахьлерчу Йоьза бIешеран (Бронзовый век) кешнашкахь талламаш беш, археологашна карийна  жимуо тIоьрмиг. Эзарнаш шерашкахь  тIоьрмиг бина тIаьрсиг а, кIади а  хIаллакьхилла. ХIаллакьхиларх хьалхаевлларш, хетарехь, тIоьрмиган чIагIонний, цул сов, куьцанний  цу  тIе  летийна  хилла жIаьлин  кIомсарш ю.

 

 

Уггаре а шира малхах  бIаьргаш Iалашден бIаьргехдухку (солнцезащитные очки)    куьзганаш (хан – 800 шо)

№7

Дуьххьарлера  маьлхан зIаьнарех бIаьрса Iалашден гIирс – бIаьргехдухку куьзганаш (солнцезащитные  очки) –  динарш эскимосаш лара  мегар ду. Царах шаьш  (эскимосаша)  дийцарехь,  лайн куьзганаш (снежные очки) тIаьрсигах, дечигах, даьIахках деш хилла. ГIирсан бIаьргашна дуьхьаларчу  херонийн юткъалло бIаьрса,  лайн аренашкахь  лан ца луш сов тIех къегина хуьлу  маьлхан зIаьнарш бахьанехь хуьлучу  шех ишта олучу  «лайн бIаьрзаллах» («снежная слепота») лардо. И тайпа куьзганаш, Iилманчаша дечу тоьшаллица, масийтта эзар шо  хьалха дуьйна хилла ду. Бакъду таханлерчу дийне девллачу церан тайпанех уггаре шираниш Канадин Баффин  цIе  йолчу  гIайре  тIехь  1200-чу шарний 1600-чу шарний юккъехь болчу  муьрехь  хIордан морж экхан даьIахках дина ду. Шеко  йоцуш, и шира куьзганаш  вайзаманахьлерчу лаккхарчу  технологешца кхочушдинчу маьлхан зIаьнарех бIаьрса лардечу куьзганашка шайн билгалонашца  кхача-м дера ца  кхочу, амма шайн чолхе  цахиларрий, тешаме хиларрий бахьана  долуш, кхин  а 800 шарахь латта а таро-м ю церан.

Уггаре а шира  сегIаз (хан – 5000 шо)

№8

Уггаре шира  сегIаз лору Финляндехь карийна Неолитан хенашкахьлера тIулг хилла чIагIъеллачу докхан  силаман (березовая смола) цуьрг. ТIулган бIешеран (Каменный век) адаман цергийн  лар шена  тIехь  йисинчу  сегIазан оьмар  вайн шаIарал хьалхарчу доьлгIачу эзаршеран чаккхене юьгу  Iилманчаша. Диттийн силамца  шайца  ансиптечески билгалонаш йолу  фенолаш ю. Цундела ширачу заманахь, багаца  хуьлучу  лазаршна дуьхьал Iовшуш хилла наха диттийн силам а, чкъор а. Цул сов бокхана  (клей)  меттана  лелош  а хилла  цара  силам, масала, кагъелла пхегIа  вовшахлатош.

 

Уггаре а шира  нехча (хан – 3600 шо)

№9

Чина  пачхьалкхан Такла-Макан  цIе  йолчу  гIум-арахь ХХ-чу бIешарахь чIогIа  дикачу  хьолехь Iалашъелла мумиш карийра. Цу мумийн  некханаш тIеххьий, вортанаш тIеххьий нехчан кегийруо гIорзалгаш йисинера. Iилманчаш тешна бу и нехча вайн шаIарал хьалхарчу 1615-чу шарна  гергачу заманчохь  яьккхина  хиларх. Цу терахьо кху  лаьтта тIехь  уггаре а ширачу нехчан дарже а  кхачайо иза.

 

 

Уггаре а  шира  протез (хан – 3000 шо)

№10

3000 гергга шо хьалха дIайоьллина муми толлуш, археологашна  цуьнан  аьтту  кога  тIехь доцучу шечарна меттана  тIедехкина дечиган пIелгаш  карийна. Шайна  карийначу  артефактан кеппара копи а йина, и шаьш йинарг  цу мумин  доллу чуолакхалла долчу стеган  кога  буьххье а йоьллина  хьаьвсича, талламхошна билгалделира  дечиган  коьчал куьцана  доцуш,  дIасалеларехь гIодеш, пайдехь  хилар. И бахьанехь стаг паргIат дIасаволавала  таро  йолуш хиларал  сов,  сандалеш  юха  таро йолуш  а хуьлу,  ткъа уьш Ширачу Мисарехь  мачийн уггаре а даьржина, коьрта  тайп ду. Iилманчашна шайна дуьххьара дуьйна а хеттарг бакъ хилар хиира, церан цкъачунна евзаш йолчу  протезех уггаре а  шираниг  каро  аьтто хилла хиллера. Тахана-м тайп-тайпанчу экханашна а тIехь  йо  протезаш, ткъа  адаман  коган  декъана  протез  йилларх цецвер волуш цхьа а  вац, амма 3 эзар шо хьалха и тайпа  протез Iилманехь  тамашийна  боккха  кхиам хилла хиларан цхьа а шеко  яц.

Уггаре а шира  ахча (монета ),  (хан – 2700 шо)

№11

Девзаш йолчарех уггаре а шира ахча (монета )  карийна Жимачу Азин цхьана  хенахь  зазадоккхуш, кхуьуш хиллачу махлелоран марказан шира-желтойн шахьаран Эфесан саьлнаш  толлуш. Деший, детий  лалийна,  цхьанаэдина2700-чу  шарал кхин а халха йолчу заманчохь йина  ю и  монета. Чолхе йоцучу  технологица  еш  хилла  уьш. Лоьман коьртан сурт тIехь  йолчу  кепа (матрица) чу  юьллуш  хилла кечамаман цуьрг (заготовка) цул тIаьхьа  пхьеро  вукху агIон  тIе  жIов  тухуш хилла. Кийчачу ахчан  аверса  тIехь  чуьра  аратаIийна  лоьман  корта  а, реверса  тIехь  арара чу таIийна   лоьман  кортий, жIовнан ларрий юьсуш  хилла.

 

(Чаккхе хир ю)

Зорбане   кечйинарг – А.МУХЬАММАД

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: