Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас масех де хьалха кхеташонаш дIаяьхьира Теркан а, Невран а кIошташкахь. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хIокху а, кхечу а министерствошна тIедиллина предпринимателийн гIуллакхалла жигардаккхар а, инвестицийн хьал тодар а. Иза кхочушдаран гурашкахь дIаяьхьира кхеташонаш.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитетан председатель Шуаипов ШаIрани, вайн республикехь предпринимателийн бакъонаш ларъяран векал Усманов Идрис, Теркан кIоштан администрацин куьйгалхо Куцаев Шемал, Невран кIоштан администрацин куьйгалхо Кашлюнов Дмитрий а, ткъа иштта оцу кIошташкара предпринимательш а.
Кхеташонашкахь дийцаре дира жима а, юккъера а бизнес кхиоран, кIошташкахь инвестицийн жигаралла лакхаяккхаран гIолацарца а, жимачу а, юккъерчу а предпринимательствона кредиташ даларан коьртачу хьелашца а доьзна долу гIуллакхаш. Цуьнца цхьаьна довзийтира регионан Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитето бизнесан гIолацаран некъаш.
Шен къамелехь I.Магомадовс билгалдаьккхира республика социально-экономикин кхиорехь жимачу а, юккъерчу а бизнесо мехала маьIна лелош хилар.
«Предпринимательство лелочарна гIо даран гIуллакхана боккха тидам тIебохуьйту Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Царна мел оьшуш долу хьелаш кхоьллина цо. ГIуллакхдеш ю банкийн учрежденеш, бизнесана гIо даран пачхьалкхан тайп-тайпана кепаш», – бохура министра.
КIошташкарчу предпринимательшка цо дийхира «Корпорация МСП» АО-ца цхьаьна жигара гIуллакхаш дар, цуьнгара хила аьтто болчу гIонна тIе а тийжаш, шайн проекташ жигара кхочушъяр, белхан эвсаралла лакхаяккхаран некъаш лахар. Цу хьокъехь шайна хетарг довзуьйтуш къамелаш дира предпринимательша а, кхеташонан кхечу дакъалацархоша а. Оцу къамелашкахь билгалдехира предпринимателийн балхана новкъарлонаш еш долу гIуллакхаш а, уьш дIадахаран некъаш а.
Кхеташонаш чекхъевллачул тIаьхьа Магомадов Iабдулла пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран республикин дуккха а агIонийн туьшан хIокху кIошташкахь йолчу филиалашкахь хилира. Иза хьаьжира белхахошна болх бан кхоьллина хьелаш муха ду. Къамелаш дира белхахошца а, шайн гIуллакхана филиалашка баьхкинчу нахаца а. Оцу къамелашкахь I.Магомадовс къаьсттина тидам тIебахийтира кIошташкарчу администрацеша а, филиалаша а цхьаьна, вовшах дага а довлуш, болх баран эвсаралла лакхаяккха езаш хиларна, и болх кхин а тобан безаш хиларна. Ткъа оцо, шен рогIехь, аттачу доккхур ду бахархойн хьашташ кхочушдар.
С.ХАМЗАТОВ
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо