Нохчийн Республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствос дакъалоцу федеральни ялх программа кхочушъярехь. Оцу программашца вайн регионехь школаш а, еш йолчу хIусамийн комплексашкахь инженерни а, некъийн а инфраструктура а йийр ю, къоначу доьзалшна, чернобыльхошна, кхечарна социальни ахчанаш а лур ду.
Министран заместитела Ибрагимова Алисас дийцарехь, федеральни Iалашонан программа кхочуш а еш, республикехь 5 школа йийр ю. Цигахь 720 дешархочунна деша меттигаш хир ю. И школаш, мохкбегийча юхур йоцуш, чIогIа а хир ю.
«Хьалха хилла школаш ширъелла, мохкбегийча йохарна кхерам болуш ю. Цул сов, Нажи-Юьртахь Культурин цIа дийр ду, ТIехьа-Мартан кIоштахь йолчу школина реконструкци йийр ю. 360 дешархочун деша аьтто болуш йоккха школа ю иза», – элира цо.
А.Ибрагимовас чIагIдарехь, хIокху шарахь министерство дуьххьара дакъалоцуш ю «Нохчийн Республикехь хIусамийн гIишлошъяр кхиоран гIолацаран» подпрограммехь а, федеральни Iалашонан «ХIусамаш» программехь а. И программа 2015–2025-чуй шерашкахь кхочушъян езаш а, еш йолчу хIусамийн гIишлойн комплексашна инженерни объекташца а, некъийн, социальни инфраструктурица а кхачоярна тIехьажийна а ю.
«Подпрограмма кхочушъяр дIахьочу хенахь билгалдеш ду республикехь 2 школа яр, цхьаъ 360 дешархочунна, шолгIаниг 420 дешархочунна деша меттиг а йолуш. Иштта, 80 меттигна лерина берийн цхьа беш йийр ю. Чохь нах Iаш болчу хIусамийн комплексана тIедогIу некъаш дохкур ду, ков-керташ куьце ялор ю. Оцу Iалашонца вайн республикина бюджетера 469,7 миллион сом ассигнованеш йохкуьйтур ю. Царах 446,2 миллион сом федеральни бюджетера харжаш хир ю», – бохура Ибрагимова Алисас.
2006-чу шарахь дуьйна Россин гIишлошъяран министерствоца цхьаьна Нохчийчохь кхочушъеш ю Чернобылерчу АЭС-хь хиллачу бохаман тIаьхье дIайоккхуш дакъалаьцначарна социальни ахчанаш даларан программа. Иза тIехьажийна ю Чернобылерчу АЭС-хь хилла болчу бохаман тIаьхьенаш дIаяхарехь дакъалаьцначеран, Геннарчу Къилбаседера баьхкинчеран хIусамийн, дахаран-Iеран хьелаш федеральни бюджетан чоьтах тодарна. 2006–2016-чуй шерийн муьрехь шайн хIусамийн хьелаш тодина оцу программица 414 доьзало. Оцу гIуллакхна 1 253,2 миллион соьмана харжаш йина. Карарчу шеран дIабаьллачу муьрехь 33 стагана гIо-накъосталла дина хIусамаш оьцуш. Оцу хьаштана 154,034 миллион соьмана харжаш йина.
Цуьнца цхьаьна, «Къоначу доьзалшна хIусамашца кхачояран» подпрограмма кхочуш а еш, 2017-чу шарахь хIусамаш ярна 10 доьзална 9,3 миллион сом ахча лур ду. И подпрограмма вайн республикехь итт шо хьалха дуьйна кхочушъеш ю.
«Цуьнан Iалашо ю Нохчийчуьрчу къоначу доьзалийн хIусамийн хьелаш пачхьалкхан гIо-накъосталлица тодар. 2007-чу шарахь дуьйна 2016-гIа шо чекхдаллалц болчу муьрехь, социальни ахчанех пайда а оьцуш, шайн хIусамийн хьелаш тодина (цIенош дарца, хIусамаш эцарца) 3 444 къоначу доьзало. Оцу гIуллакхна Iедало 1 781,5 миллион соьмана харж йина», – билгалдаьккхира министран заместитела.
Россин регионаш кхиоран декъехь карарчу хенахь коьртачех лоруш ду гIаланашкара хьелаш аьхна, бегIийла, аьттонаш болуш хилийтар. И проект кхочуш а еш, министерствос кечйина «2017-чу шарахь Нохчийн Республикехь гIалин кхузаманан сурт а, хьал а кхоллар» программа. Иза тIехьажийна ю дукха хIусамаш йолчу цIенойн ков-керташ, некъаш, уьйтIеш хазъярна, къагорна, куьце ялорна, бахархоша садоIуш йолу, туристаш кхочуш йолу меттигаш берриге а аьттонаш болуш, садаIа аьхна, бегIийла хилийтарна.
Оцу хьашташна билгалдина субсидеш республикин гIаланийн а, кIоштийн а бюджеташка дIахьовсийна. Цара карарчу шарахь шаьш куьцехь латтон йолу ков-керташ, урамаш, паркаш, сквераш, кхиерш хаьржина шайна. Программин башхалла йоллу муниципальни программаш кхочушъярехь дIахьош болу белхаш харжарехь бахархоша шаьш дакъалоцуш хиларехь.
«Нохчийн Республикин бахархошна йорахчу а, бегIийлачу а хIусамашца кхачояран а, хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдаран а, пачхьалкхан программа кхочуш а еш, карарчу шарахь кхуллур йолуш ю 1 181 ханна йолу белхан меттиг а, 193 гуттаренна а йолу белхан меттиг а», – элира шен къамел дерзош Ибрагимова Алисас.
С.ХУСЕЙНОВ
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо