Таханлера Нохчийчоь, хууш ма-хиллара, дуккхачу а къаьмнийн векалшна беркате цIа а хилла лаьтта. БIешераш хьалха дуьйна вайн махкахь Iаш бу тайп-тайпанчу къаьмнийн векалш: оьрсий, гIалгIай, гIумкий, ногIий, жIайхой, кхиберш. Царах бу гIезалой а.
Республикехь уггаре а уьш дукха болу меттиг ю Шелковски кIоштан Гребенски (Яна-Кхаьлла) станица. Цуьнан истори талла воьлча гучудолу иза хьалха Новогладовски цIарца евзаш хилла хилар а, 1740-чу шарахь гIалагIазкхаша йиллина хилар а. 1914-чу шарахь тиллина цунна хIинцалера цIе. Нохчийчохь бехаш болчу гIезалойн доккхах долу дакъа билггал цига муха кхаьчна хууш дац. Станица ша йоккха яцахь а, цигахь бехаш масех къоман векалш бу: гIезалой, нохчий, гIумкий, оьрсий.
Тахана меттигерчу бахархойх 85 процент нохчий белахь а, 30 шо хьалха оьрсийн-гIезалойн станица ларалуш яра иза. Нохчий-м гуттар а бохург санна баьхна цигахь, делахь а чIогIа кIезиг хилла хIинццалц церан барам.
Тахана цигахь Iаш болчу нохчех дукхахберш Казахстанера а, Юккъерчу Азера а вайнах цIа боьрзучу хенахь баьхкина бу. Цул тIаьхьа, XX-чу бIешеран 80-чу шерашкахь а, алссам вайн къомах берш хевшина цигахь баха. Юьхьанца хала хиллехь а, тIаьхьуо, меттигерчу бахархошца гергарлонаш тийсадала дуьйладелча, Iан а, шайн белхаш бан а аьтто баьлла нохчийн.
Беккъа цхьа гIезалой схьаэцча, уьш Нохчийчохь баха хевшина, мел лахара а, 300 шо гергга хан ю. Уьш Нохчийчу кхачарна «бехке» Россин импери ю: шен дозанаш Къилбан декъехь шорлуш мел ду, меттигерчу бахархошна а, Россин Паччахьан салташна а юкъалела оьшуш болчу талмажийн декхарш кхочушдан балийна бохуш дуьйцу уьш: буьйцучу муьрехь а цхьаьна уьш Россин олалли кIелахь болу масех бIешо хилла. Оцу хеначохь цара оьрсийн мотт Iамийна. Ткъа Кавказехь дехаш церан гергара къаьмнаш а, цуьнца цхьаьна, церан маттаца догIуш долу гергара меттанаш а хилла. И бахьана долуш Кавказе схьакхалхийначу гIезалойн масех бIе доьзалан тIаьхьенех бу таханлера «нохчийн» гIезалой.
ГIезалой, церан къоман амалшка хьаьжжина, дика адамаш лоруш ду дуьненахь а. Нохчий а бу церан хьокъехь иштта дог-ойла йолуш. Иза иштта ца хилча, гIезалойн а, нохчийн а доьзалша гергарлонаш лелийна ца Iаш, вовшашца захалонаш а дийр дацара.
Цхьа бакъду: дукха хьолахь, нохчаша балабо церан йоIарий, ткъа нохчийн йоI цаьрга маре яхар наггахь бен нислуш хIума дац.
Дин а, культура а, Iер-дахаран хатI а вовшех тера догIуш ду нохчийн а, Нохчийчуьрчу гIезалойн а. Цу тIе, царах дукхахболчара шаьш нохчийн халкъан устазаш къобалбина ца Iаш, церан мурдаш хилар а чIагIдо. Делахь а, цара шаьш Хьанифатан мазхIабехь хилар а билгалдоккху.
Iер-дахаран хатI вайчух тера хилар уьш нохчашца дIаэн боьлла хиларца доьзна хила а тарло. Иза ларамаза билгалдаьккхина дац, хIинца тIекхуьучу гIезалойн чкъурана шайн мотт бевзаш цахилар а тидаме эцча. Цара шайн мотт бицбина бохург дац иза. Делахь а, царна нохчийн мотт шерра бийца хаьа, ткъа гIезалойн мотт – цхьадолчу дешнашца бен ца бевза. Кхузахь билгалдаккха догIу меттигерчу къанойн-гIезалойн «мотт» гIумкийн а, ногIийн а маттах чIогIа тера хилар.
XX-чу бIешеран 80-чу шерашкахь Нохчийчохь вехаш ши эзар гергга гIезало хиллехь а, 1990-гIа шераш дуьйлалуш, республикехь «карчам» а, бер болчу тIеман «генаш» а гучудийла доьлча, дIабахана царах дукхахберш.
Цаьрца а, шайн баккъал а Даймохк болчу ГIезалойчуьрчу гIезалошца а уьйр-зIенаш яц бухабисинчеран. Ур-атталла, шайн литературин произведенеш тIехь йолу жайнаш а дац. Нохчийчохь уьш духкуш ца хуьлу, ткъа онлайн-туьканашкахь царах «цIен» мах боьху.
«Тхайна уьш деша хуур дацахь а, культурин дакъа долуш санна, тхайн хIусамашкахь латтор дара оха гIезалойн культурах а, литературах а лаьцна долу жайнаш. Нохчийчохь уьш духкуш цхьа а туька я меттиг ца хаьа шуна?» бохуш а, цунах тера дацахь а, маьIна изза долуш а долу косташна а тIенисло наг-наггахь социальни сеташкахь.
Бисинарш, шаьш кхидIа а кхузахь баха баха безаш хиларе терра, мотт Iамо аьттонаш а, таронаш а, лаам а бацахь а, шайн культура кхиорехь а, яхийтарехь а, йовзийтарехь а жигара къахьоьгуш бу.
Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалло лерринчу тидамехь латтош ю къоман политика. Цу декъехь белхаш дIабахьар бахьана долуш, 2000-чу шарахь дуьйна кечамаш а бина, 2002-чу шарахь станицехь схьайиллина ГIезалойн къоман культурин туш. Цигарчу белхахоша шайн къоман культура я шаьш ца довзуьйтуш, республикехь хуьлучу яккхийчу мероприятех наггахь ерш бен дIа ца йоьрзу.
Кхин цхьа хIума а ду гIезалойх ала догIуш: нохчий санна къинхьегам безаш а, къахьоьгуш а нах бу уьш. Къаьсттина дукха деза царна латта я даьхни лелор. Иштта, таллар а, чIара лацар а ду даьржина.
Станицин гуонахарчу хьаннашкахь а, сийначу аренашкахь а сайш а, акха котамаш а, кхидолу дийнаташ а, акхарой а хилла хьалха. Къаьсттина цу хенахь лелла уьш талла. Ткъа чIара лацаран «болх-м» хIинца а лелош бу цара. Цу тIе, аренашкахь а, юьртан бахамехь а къахьоьгуш бу уьш, иштта даьхний а леладо, долахь бошмаш а лелайо цара.
ТIаьхьарчу хенахь могашаллаIалашъяран а, дешар Iаморан а дакъошкахь къахьегар а жигардаккха боьлла уьш.
Доцца аьлча, нохчийн гIезалоша, кхидолчу къаьмнийн векалша а санна, шайна хьакъ йоллу меттиг дIалоцу республикин дахарехь. Шайн Даймохк хилла дIахIоьттинчу Нохчийчоьнан дуьхьа къа а хьоьгу цара.
И.ИСЛАМОВ
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо