«Шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой кечбаран а, юхакечбаран а туьшехь» асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна хаамийн гIирсийн белхахойн корматалла лакхаяккхаран курсаш ю дIахьош.
Цу хьокъехь туьшан куьйгалхочо Юнусов Хьамзата дийцира: – Туьшан болх 2003-чу шарахь болийнехь а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахойн говзалла лакхаяккхаран курсаш схьаелла аьтто боцуш хан яьккхира оха. Карарчу хенахь къоначу корреспондентийн аьтто бу шайн хаарш совдохуш туьшехь деша. Таханлерчу дийнахь вайн республикин хаамийн гIирсийн белхахошна лерина йолу цхьана беттан курсаш ю дIахьош.
Оцу курсашкахь хаамийн гIирсийн белхахошна билгалъяьккхинарг ерриге а 30 меттиг ю. Шайн корматалла лакхайоккхуш хаамийн гIирсийн 18 белхахо ву курсашкахь доьшуш, уьш секретараш а, делопроизводительш а, кадрийн отделийн инспекторш а бу. Цигахь царна довзуьйту керла законаш а, статьяш а, иштта цу декъехь юкъадоккху керланиг а. Царна хьоьхуш ю Нохчийн Республикин пачхьалкхан къинхьегаман инспекцин службин а, кадрийн а гIуллакхашкахула йолу говзанча Закриева ХутIмат.
Тайп-тайпанчу газетийн, интернет-агентствийн, редакцийн белхахойн аьтто бу шайн говзалла лакхаяккха. Тхан ойла ю шарахь шозза вайн журналисташ вовшах а тухуш, церан корматалла лакхаяккха, хIунда аьлча, зама а, хьелаш а хийцадаларца доьзна кхитIе а долу дешар сов ца хуьлу къоначу журналисташна.
Х.АСЛАХАНОВА
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо