Берашна дарба а, реабилитаци яран а психоневрологин туьшехь музыкин декъехула заьIап берашца болх беш ю Гунашева Хьава. Ша къона елахь а, заьIап берийн дегнашка боьду некъ лаха хаьа цунна. Иза къинхетаме ю. Иза иштта ца хилча, заьIап берашца къахьоьгуш а хир яцара, аьлла хета.

Могашчу берашна хьеха а атта ца хилча, заьIап берашна Iамо муххале а дац атта, ткъа Хьава ларайо оцу декхарца.
– Вайна ма-хаъара, бераш кегий долчу хенахь дуьйна шайн-шайн амал йолуш хуьлу. Цаьрца бийца мотт каро а беза. ЗаьIап бераш къаьсттина экаме хуьлу, цкъацкъа – дера, гуттар а шайн терго алссам яйта лууш а хуьлу. Шайн могашалла эшна бара аьлла, шайга дуьйцучух ца кхеташ а бац уьш. Церан леррина тидам бича, цаьрга дикка ладогIа воьлча хаало, вуно хьекъал а, шайца дика верг, воцург къасто а хууш уьш хилар. Цхьаболчара олу соьга: «Ма хала хир ду хьуна заьIап берашца болх бан», олий. Атта-м цхьа а хIума а дац. Цкъацкъа чолхе меттигаш а нисло. Собар а, оцу берашца уьйр-марзо а хилчахьана, хаза а хеташ, цаьрца болх бан догдогIу. Хийла, могашчаьргахь ца хила тарлуш йолу дика агIонаш ю заьIап берашкахь. Цаьргахь уггаре а коьртаниг ду адамаша шайна диначух хазахета а, цуьнан хама бан а хаар. Велаваларца я хаза дош аларца шайга вистхилча гуттар а хазахетий хьаьвза уьш. Шайца дика долу адам, гергара а хетий, тIеоьцу цара, – дийцира Хьавас.
ЙоьIан къамеле ладугIуш, ларамаза хаттар кхоллалора, шен 18 шо бен а доцуш, ишттачу балхаца иза муха ларайо-те, олий. Школехь доьшучу хенахь дуьйна даима а жигархо хилла схьайогIуш йолу Хьава ца ларайойла а дацара. Школехь дика дешна цо, школин юкъараллин дахарехь а жигара дакъалоцуш хилла. Иза 6-чу классехь яра церан доьзал Саратовера Нохчийчу цIабоьрзучу хенахь. ХIинца Соьлжа-ГIалахь бехаш бу уьш. Карарчу хенахь туьшехь масех тоба Iамош ю иза. ХIора тобанехь 20–25 бер ду. Царна хелхарш дан а, эшарш лакха а Iамадо Хьавас.
– Берашна керла хелхар я йиш лакха Iамош дуккха а къахьега дезаш хуьлу. Амма и къахьегар эрна ца дов. Цара дика схьалоцу шайна хьоьхург. Керла хелхарш хоржучу хенахь суна интернето а гIо до. Цу чохь берийн хелхаршка а хьожий, заьIап берашна Iемар ду аьлла хеташ долу хелхар къастадо ас. Берийн занятешкахь самукъадалар гича чIогIа хазахета суна. Церан делакъажар цхьана а хIуманца хуьйцур дацара ас, – бохура йоIа.
ЗаьIап берашна керла хелхар я йиш Iамар шен цхьаьннан кхиам ца лору Хьавас. Цу юкъахь лоьрийн а, логопедийн а, психологийн а къинхьегам хилар дагадоуьйтура цо хIоразза а.
Цо Iамош долчу бераша психоневрологин туьшахь гайтина ца Iа шайн хьуьнарш. ЗаьIап берашна юкъахь дIахьочу фестивалашкахь дакъалоцу цара. Масала, дукха хан йоццуш дIаяьхьначу «Творчество без границ» республикин фестивалехь жигара дакъалецира цара.
Нохчийн пачхьалкхан университетехь журналистан корматалла караерзош ю иза. Цигахь заочно доьшуш ю. Журналистан говзалла хазахета цунна. Делахь а, хан-зама а яьлла, шех журналист хуьлуш хилахь а, ша тахана заьIап берашца беш болу болх дIатаса дагахь яц иза.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Гунашева Хьава
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо