Мехала форум

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Лингвистикин школехь Ерригроссин «Россин педагогаш: дешарехь керланиг» шина дийнан форум хилира. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос кхайкхина валийна вайн пачхьалкхан дешаран методика кхиорехь къахьоьгуш волу 50 гергга говзанча вара цигахь дакъалоцуш.

Хьалхарчу дийнахь берийн бошмашкара кхетош-кхиорхошна лекцеш йоьшуш, презентацеш еш, мастер-классаш гайтира цара. Бераш ловзарца кхетош-кхиорна оьшуш йолу керла технологи йовзийтира цигахь. Школе даха бераш муха кечдан деза, хIун Iамо деза хьийхира. Пхеа зала чохь лекцеш йоьшуш бара говзанчаш. Кхетош-кхиорхойн ладогIа шайна луъу лекцеш харжа йиш яра.

ШолгIачу дийнахь республикин школашкарчу хьехархошца дIаяьхьира и форум.

– Уггаре а хьалха кехаташ яздеш йойъучу хенах паргIатбахабеза хьехархой, и хан бераш Iаморна тIехьажийча баккхий кхиамаш хир бу, – билгалдаьккхира форуман директора Пиджакова Вероникас. – Массо а агIор кхуьуш йолчу заманан керлачу технологеша а, юкъаралло а декхарехь до вай Iилма хьехар керлачу тIегIане даккха. Цуьнца доьзна оха, кеч а еш, дешархошна керла книгаш а, хьехархошна гIоьнна методикаш а, ЕГЭ-на, ОГЭ-на кечам баран пособеш а арахоьцуш ю. Иштта, кхетош-кхиорхойн а, хьехархойн а аьттонна кхоьллина «Педагоги.онлайн» интернет сайт ю. Цу чохь керланиг довза, цахуург хатта, вовшашца зIе латто аьтто хир бу шун, – элира цо.

Хьалхарчу дийнахь санна, масийтта декъе екъна яра лекцеш: дешар тодарна хIун хьелаш кхолла деза, методикашца болх муха бан беза, дай-наношца школаша хIун зIе латто еза, берийн бошмашкара дуьйна лаккхарчу дешаран заведенешка кхаччалц берашца хIун белхаш бан беза, кхидерг дийцира цигахь. Керла юкъаяьхначу книгийн, технологийн йоккха ярмарка яра дIахьош. ХIораннан а таро хилира керла книгаш йовза.

Россин кхин а 25 регионехь дIахьур ю хIокху тайпа форумаш, цара вовшахтухур ву 150 гергга эзар хьехархо.

ВЕГИЕВА МАККА

Авторан суьрташ тIехь: форуман дакъалацархой

№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: