Хьомсара вежарий, йижарий!
Даггара декъалдо шу шеца Сийлахь Рамадан бутт чекхболучу Мархадастаран дезчу денца!
Оцу баттахь къаьсттина алсамдоккху вай ламазаш дар, доIанаш дар, гергарчеран гIайгIабар, терго яр, церан гIуллакхашка хьовсар, гIийла-мискачарна гIоьнна куьг кховдор.
Далла бу хастам, Цуьнан лаамца Нохчийн Республикехь Рамадан баттахь диканаш дар, Iамал-Iибадат дар алсамдаьлла хиларна. Цаьрга хьашто йолчу эзарнаш нахана кхачанан сурсаташ делла, царна медицинин гIо дина, чудаха хIусамаш, цIенош нисдина. Ас даггара баркалла боху Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадырова Несин Айманина, хIокху безачу мархийн баттахь дуккха а сагIанаш дахарна, къинхетаме гIуллакхаш дарна.
Бусалбанийн дуьненахь Мархадастаран (Ид аль-Фитр) де уггаре а дукхадезачех а, сий-ларамечух а, самукъанечух а ду. Оцу дезчу дийно вайн хIусамаш аьхналлица, токхонца, барт-марзонца дIаюзу, чIагIйо гергарчийн зIенаш, лулахойн юкъаметтигаш, вайгахь къинхетаман, вовшех дог лазаран ойланаш кхуллу!
Хьомсара вежарий, йижарий!
Лаьа шун доьзалехь ийман, беркат, токхо хуьлийла, дахар ирсе, зовкхе долуш, шу дуккха а дехийла.
Дала къобалдойла вайн массеран а марханаш!
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо