Марха, бутт гича лаца, и гича даста. Нагахь санна, дуьхьал марха еана, иза гойла дацахь, ШаIбан беттан а, Рамадан беттан а ткъе итт де дузийта. (Аль-Бухари, Муслим).
***
Сахь-закат даккхар фарз хилар билгалдина ду Бухарис а, Муслима а дийцинчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъдолчу хьадисехь.
***
Марха кхабарехь дийлинчу гIалатех, летийначу къинойх цIанвалар ду сахь-закат даккхар, иза мискачу стагана дIакхачор.
***
Мархийн бутт кхаьбна, сахь-закат даьккхина, Iийда ламазе арабевллачу бусалбанах стигларчу маликашна хьалха дозалла деш хир ву Веза-Сийлахь АллахI.
***
Марханаш (фарз) кхаьбначеран яххаьш Iийда дийнахь елаелла, екхаелла хир ю, Iеса болчу нехан яххьаш кхоьлина хир ю.
***
Дуьнен чохь вехаш 1,6 млрд. бусалба стаг ву. Кхин 16 шо далале церан барам 35 процентана алсамбер бу. 2030-чу шарахь, говзанчаша дийцарехь, дуьнен чохь 2,2 млрд. бусалба стаг хир ву.
***
Дуьнен чохь болчу бусалба нахах 62 процент – Азин, Тийначу океанан регионашкахь бехаш бу, 20 процент бен бац Герггарчу Малхбалехь а, Къилбаседа Африкехь а.
***
Уггаре а дукха бусалба нах Индонезехь белахь а, герггарчу хенахь Пакистанехь бехаш болу бусалбанаш цигахьчул алсам хир бу.
***
Калифорнерчу Беркли гIалахь йолу гуманитарни колледж, исламан буха тIехь кегийрхой Iамош йолу дуьххьарлера дешаран заведени ю. Масех шо хьалха цигахь арахецна дуьххьарлера говзанчаш.
***
Х-чу бIешарахь бусалба хирурга аль-Захравис кхоьллина хиллачух тера ю кхузаманахьлерчу хирургин гIирсийн куц-кеп.
***
1985-чу шарахь дуьххьара тIурнене (космосе) ваханчу бусалба стага масийтта стереотип йохийна. Иза вара СаIудера Султан.
***
2007-чу шарахь Къуръан дуьххьара ингалсан матте даьккхинарг Бэктиэр Лэлех ю.
***
Бусалба йоI Икбал Аль Ассаэд уггаре а къона лор ю. Цуьнан 20 шо бен дац. Школа цо чекхъяьккхина шен 12 шо кхаьчча.
***
Чикагохь йолу Sears (Уиллис) бIовн сурт кхоьллинарг Iамаркан бусалба архитектор ву.
***
Болливудерчу гIараваьллачу маэстра А.Р.Рахмана 2006-чу шарахь ислам дин тIеэцна.
***
Бусалба динехь волчу Мухьаммад Юнусана, микрокредит а, микрофинансаш а кхиорна, Нобелан преми елла.
***
Дуьнен чохь уггаре а шуьйра яьржина ю Мухьаммад цIе.
***
Цхьаболчу историкаша-талламхоша дийцарехь, Iамарке бусалба нах баьхкина 700-чу шерашкахь, Колумб Христофорал хьалха.
***
Бусалба духаран мода кхуьуш хилар гойту 96 миллиард долларе кхаьчначу цуьнан индустрис. Цо шеко ца юьту, бусалба дизайнерш алсам а бовлуш, модин рынкехь хиджаб уггаре а мехала духар хилла дIахIуттург хиларан.
***
США-хь йолу «UMMA» клиника бусалба наха йина ю. Муьлххачу къомах стаг велахь а, уьш къеста а ца беш, дарба до цара.
***
Оксфордан, Кембриджан университетийн дуьххьарлерчу студенташа бусалба Iилманчаша хIиттийначу учебникашца Iамош хилла медицина а, хими а, астрономи а.
***
Албанехь бехаш болчу нахах 90 процент бусалбанаш бу.
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо