Курбанин ирс

222345Голаш тIехь паргIат Iоьхку Курбанин куьйгаш. Хенахь а, атта а ца кхаьчна цаьрга хIара паргIато-синтем. Дуьненан рицкъ хьанал даккха Iеминчу царна девзина латта ахкар а, беш лелор а, мангал хьакхар а, асар дар а. Бина гIий а, хьаьхна поппар а. Шийлачу ларми чохь кIолдан шелаг а, сайри чохь ахьар-цу а хилийта дуьйш-дерзийна кхаш-ирзош хилла. Чуьппалгаш лелхаш, хьаьжкIаш кхарзалучу куьркан кхерчахь, дай-й хьоькхучу мерцинчу гIалакхца шарна ахьар даккха кечам беш а, даьцна уьш. Хийла мецаниг вузон долчу нийятца, бисмилла а доккхуш, хьакхийна сискал-межарг а, и боттучу хенахь, гIийлачу узамца ага а техкийна.

Цкъа ховха а, аьхна а хилла уьш, хено хебаршка даьхьна, чкъор дуткъаделла, цIий лела пхенаш тачанашца къеста…

Голаш тIехь паргIат Iоьхку ненан куьйгаш.

Шен доьзал хене боккхуш, къонахчо санна юкъ йихкина, берийн дена накъост хилла, шен кертахь яцархо а, доьзалан гIарол а хилла лаьттинчу ненан хьанала куьйгаш садоIуш Iоьхку. Наггахь бете, совнах дерг ца алийта я йовлакх тодан коьрте, ца хууш а къоьжа гиччо ца гайта, кховдадо цо уьш. Елакъажар довчу юьхь тIерачу боьмаша  бIаьргаш чохь къаьста цуьнан сица гIуьтту ийман. Шеца къамел дечун бIаьргаш чухьажар доцуш, дай-й тухучу бIаьрнегIаршца шен хьажар дижадо цо. Беттало синпха къаьстачу лергаюьххьехь хаало кхартдаьлла томмагIа. Муьлххачу а халонах собарца, синтемца чекхъяларан цIет хилла дисна и. Бералла, жималла, къаналла аьнгали куьзганна тIехь эсаро гIайна даран кепехь дисина йоккхачу стеган иэсехь.  Ша ехачу ТIехьа-Мартан районерчу ШаIми-Юьртахь хьовха, вайн махкахь а ехаш ю ала а товш, хьалхарчу могIарехь баьхначу зударех хаза йоккха стаг ю 88 шо долу Дудаева Курбани.

…ЭгIаштара Арснакъин ДугIас Шела шахьарара НучаевгIеран Аманта ялийна кхоллабеллачу доьзалан дукха зама ца хилира. Юккъехь жима йоI Курбани а йолуш, дIасакъаьстира и шиъ. Нана йоцуш кхуьу йоI хьоме яра деден, дененан. Шайна чохь са а долуш, наний-йоI вовшех хьегийна къа латор долуш дацара и шиъ. Цундела, жимма а гIайгIане я кхоьлина йоI хилча, иза ялош Шела догIура доккха ши стаг. Кхузахь буьйса а йоккхий, ненахошца йоI юьтий, юхадоьрзура.

Цкъа Шелара ЭгIашта цIа еъанчу йоIанна шайгахь хьеший карийра. Баккхийчара дуьйцучун тидам бича, кхийтира, советан Iедало Iеламнах дIалахьош, набахте чубухкуш, хьийзорах бевдда баьхкина Хьалха-МартантIера Солса-Хьаьжин доьзал уьш хилар – кхиънаваьлла кIант а, цул генна жима йоI а, гIеметта хIоьттина зуда а. КIайн маж йолу воккха стаг наггахь а гуш ца хуьлура. ЦIийнан тхов кIелахь йоцуш, кхин меттиг кечйинера цунна.

Ханна Курбанел а жима яра Солса-Хьаьжин йоI Зараъ. Цхьана дийнахь лулахо еара, ненаваша веанера  бIаьрг тоха, яийтахьара, аьлла. Дега ца хаьттича, яьхьар яц ша аьлла, дуьхьало йира Солса-Хьаьжин зудчо. ТIаккха кхийтира хIорш, Зараъ кхечу нанас йина хиларх.

МаьркIажа бода къовлабеллачул тIаьхьа, Солса-Хьаьжин резавоцу аз хезира: «Зараъ хаьттина стагга а веарий?». Зудчо дIадийцира. «Ненавешиний, йишин беранний юккъехь мел  гергарло ду ца хаьара хьуна? Хьуо яллал вуо сацийна ахь йоI», – барт туьйхира воккхачу стага.

Дакъа долуш хиларна хиънера Солса-Хьаьжина ша чохь воцуш хилларг.

…Сиха дIадевлира къоналлин шераш. Казахстане кхелхина дIадаханчохь, шена юьйцуш а ца хезначу ШаIми-Юьртарчу Дудин Абуезеде яхара Курбани.  53 шарахь цхьаьна дехира и шиъ. ХIинца 13 шо ду иза воцуш, шен доьзалца  еха Курбани. Эсала доьзал – 3 кIант, 4 йоI кхиийна цушимма. Тахана церан 27 бер а, 50 берийн бер а кхиъна оцу хьаналчу шина адамах даьллачу беркатца.

Даима а къахьегарца синтем а, самукъадалар а карийначу Курбанина атта дац, дечу гIуллакхах хаьдда Iен. Наггахь, доьзалан тергамера ша яьлча, уьйтIарчу дитта кIелхьара гIаш гулдан, нуй оьций йолало иза.

Амма лаамна тIаьхьа ца богIучу когашка бехк боккхуш хьожий, охьахуу, рагIу кIелхьарчу гIента. Уллехь латта буьсу нуй.

Голаш тIе парггIат куьйгаш а дохкий, доккха са доккху йоккхачу стага.

Дуьненахь ша дан декхарийлахь ерг дерриге а кхочушдина цо. Хенахь а, атта а ца кхаьчна цуьнга хIара паргIато-синтем.

Нохчийн зударий, доккхачу маьIнин дуьне… Церан сибат дукха-кIезиг кхаьчна хир ду вайга а, амма алссам Курбанехь а, и санна болчу вайн къоман зударшкахь а дисина. Аш хьегна къа а, яьккхина хан а АллахI Дала йоле юьллийла шун!

ХIокху хьаьдда йоьдучу заманан урх лаца гIертачуьра, жимма собаре хилла, вешан нанойх, денанойх, ненананойх ирсъэца, тера  хила ларйича, кханенан байттамаллин мохь, мелла а байн хир бара вайн. Цул сов, вайна дахарехь оьшучу собаран, гIиллакх-оьздангаллин, хьекъалан, яхь-доьналлин, безам-марзонан васт схьаэца а ларор дара.

Т.САРАЛИЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: