Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьнен чу ваьлла 66 шо кхачар билгалдаккхаран гурашкахь республикин Яздархойн союзо а, «Даймохк» газето а, республикин юкъараллин-политикин «Вести республики» газето а дIакхайкхайо «Нохчийчоь – берийн бIаьргашца» цIе йолу конкурс.
Конкурсехь дакъалаца йиш ю 9–11-чуй классашкарчу дешархойн.
Материалаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язъян мегаш ю.
Конкурсан дакъалацархоша шайн белхаш (материалаш) daimoxk@bk.ru почти тIе схьатаса а, Соьлжа-ГIала, Маяковскийн ур., 92, Зорбанан цIа, 4-гIа гIат, «Даймохк» газетан редакцин адресаца схьабаийта а йиш ю.
Дакъалацархошна юкъахь къастор ву 6 толамхо: 3-чу меттигехь – кхоъ, 2-чу меттигехь – шиъ, 1-чу меттигехь – цхьаъ.
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо