Тхан рузма

Асаран беттан 21-ра де, 1961-гIа шо. ТIехьа-Мартан кIоштан Янди-КIотарахь вина Батаев Дени, технически Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

1984-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху академикан М.Д.Миллионщиковн цIарах йолу Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн цIеношдаран комбинатан коьрта технолог (1988–1990-гIий шераш), мехкадаьттан институтан «ГIишлошъяран производство» кафедрин Iилманан белхахо, доцент, профессор (1990–2002 ш.), «Грозгипронефтехимпром» проектни институтан директор (2002–2007 шш.) волуш.

2004-чу шарахь дуьйна Россин Iилманийн академин Iилманан-талламан комплексни институтан директоран заместитель, 2006-чу шарахь дуьйна оцу институтан директор ву.

1988-чу шарахь И.М.Губкинан цIарахчу мехкадаьттан а, газан а институтехь чIагIйина технически Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 2002-чу шарахь технически Iилманийн докторан диссертаци а.

2004-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, 2010-чу шарахь бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу.

Iилманан 300 сов белхан автор а, «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIе лелош а ву Батаев Дени.

Асаран беттан 22-гIа де, 1941-гIа шо. ГIуларехь вина Яричев Iумар, Нохчийн Республикин халкъан поэт. Юккъера школа чекхъяьккхина 1959-чу шарахь Казахстанехь.

1959–1961-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан институтехь доьшу. 1961–1963-чуй шерашкахь, дешар юкъах дуьтий, Бумтарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бо.

1963–1965-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакхдо. Цул тIаьхьа еххачу хенахь Казахстанехь тайп-тайпана белхаш бо (гIишлошъярехь, «Казахплодовощторг» цхьаьнакхетараллехь инспектор волуш).

1978-чу шарахь дуьйна Нохч-ГIалгIайн АССР-н «Респотребсоюзехь» болх бо (тIеман хиламаш буьйлабаллалц).

Стихаш язъян тIаьхьуо волавелла Iумар – 70-чу шерийн чаккхенехь. Уьш зорбане йийлина муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь. Стихийн дуьххьарлера «Хин корта» цIе йолу гулар зорбане яьлла 1979-чу шарахь.

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин книгийн издательствехь араевлира цуьнан стихийн, поэмийн гуларш: «Новкъахь» (1985), «Дагалецаман тачица» (1989), «Стихашший, поэмашший» (2004), «Заманан баттахь» (2005).

I.Яричевс шен говзарш оьрсийн маттахь язйо, амма цаьрца хаало нохчийн махке а, нохчийн къоме а даггара безам.

№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: