ГIаличохь хIоьтти цхьа башха, хаза сурт,
ТIебеа Дала базбина Рамадан бутт,
ЦIеххьана хьаькхначу махо деа догIа,
Лула-кертахь ду сихбелла луш сагIа.Нана гIаьтти лаца марха, даккха вирд,
Хезаш буй-те аьлла хета Iаьржа хIорд.
Кхаа беттан марханаш ахьа кхобуш,
Суьлхьа хьовзош, бисмилла, къулхIа доьшуш.Оршотехь, еарехь ахь кхобуш дара марха,
Хетара къегина хьоьжуш, зIаьнарш маьлхан,
Къобал винчу хьайн Устазана луш ахь мел,
Делера хуьлда хьуна, сан Нана, йоккха ял.ВогIур ву со винчу Нана-Хоттане юьрта,
Гур ю хьийзаш, могаш-маьрша кертахь.
Деле доьху хьан дуьхьа луо суна кхане,
Дезачу Хедин зерате хьо йига, Нана.Сан деган нигат тIаккха кхочуш хилла,
Со цIа воьрзур ву ГIала хIусаме гIийла,
Ойла йина, кхин цхьа нигат сайна дина,
Да сахь даккха, дезчу денна, къобал вина.Хоттаничохь, деза марха достучу дийнахь,
Дена, юьртахошна улле со хIуттур ву Iийдане,
Шун массеран, Дала къобал дойла марханаш,
Де догIийла йоцуш стиглахь бодане мархаш.
АЙДАМИРОВ СаьIид-Бек
№49, пIераска, асаран (июнь) беттан 23-гIа де, 2017 шо