Асаран (июнь) беттан 25-чу дийнахь республикин пачхьенерчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу майданахь пресс-конференци хилира. Иза лерина яра Красноярскан крайрчу пачхьалкхан «Енисей» телеканала дIайолийначу «Красноярск – Къилбаседа Кавказ» автопробеган дакъалацархой Соьлжа-ГIала кхачарна.
Автопробегехь дакъалоцуш крайн бахархой а, «Енисей» телеканалан тоба а яра. Шаьш арабаьккхинчу некъаца уьш Новосибирскехь, Омскехь, Челябинскехь, Самарехь, Воронежехь, Ставрополехь, Пятигорскехь, Ессентукехь, Минералийн Хишкахь, Кисловодскехь, Черкесскехь, Нальчикехь, Буру-ГIалахь, Магасехь хилла. Соьлжа-ГIалара ГIизлара а, ХIинжа-ГIала а, Дербенте а кхечира уьш.
Цуьнан (автопробеган – авт.) шатайпаналла лакхахь билгалъяьккхинчу «Енисей» телеканалан хаамашкахь хIора а денна беш болу некъ бовзуьйтуш хиларца а, дуьххьалдIа йолу эфир хиларца а, маршрут чекхъяьллачул тIаьхьа, цунах лаьцна иттех серех лаьтта «кино» йоккхург хиларца а йоьзна ю.
Телеканалан директоран заместитела Лушникова Анастасияс дийцарехь, церан Iалашо ю «Енисейн» телехьовсархошна Россин Iалам, гIаланийн башхаллаш йовзийтар.
– 20 дийнахь хIокху автопробеган дакъалацархой, шайн машенашкахь, 7 эзар километр некъ бан Iалашо йолуш бу. Цара шаьш кхаьч-кхаьчначу гIаланийн башхачу меттигийн, хазачу гIишлойн, гуонахарчу Iаламан суьрташ а, видеош а йоху, – элира цо.
Автопробегехь дакъалоцуш хиллачу телеоператора Камашев Сергейс ша цу юкъахь дакъалаца резахиларан бахьана довзийтира.
– Цу юкъахь айса дакъалацахь, сайн Соьлжа-ГIала а, Ессентуки а, Минералийн Хиш а ган йиш хирг хиларо резавира со. Соьлжа-ГIалахь со тIаьххьара 2000-чу шерашкахь бен хилла вацара. ГIала саьлнашкахь Iуьллуш яра хIетахь. ХIинца суна гуш ерг керла гIала ю. Оццул сиха хIара гIала меттахIоттор доккха хIума дац, Iаламате хIума ду! Ессентукехь, дукха хестош хезна долу меттигерчу минералийн хин чам баьккхира ас эххар а, – дийцира С.Камашевс.
Х.ИСЛАМОВ
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо