Москвахь юьззина бакъонаш йолчу Швейцарин векалца Россье Иваца хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим. Цигахь дакъалецира оццу министерствон арахьарчу зIенийн департаментан директора Хаджимурадов Iийсас а, Россин Президентан республикехь йолчу ТIеоьцийлан куьйгалхочо Джунаидов Лоьмас а.
Швейцарин векала Ислам-динах а, салафизмах а, ваххабизмах а, Нохчийн Республико динан экстремизмана тIехь толам баккхарх а лаьцна дуккха а хеттарш дира.
Абдулмуслимов Сайд-Селима хьешана дийцира нохчийн халкъ Къуръанан а, Суннатан а буха тIехь Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Суннатана тIаьхьадозуш хиларх лаьцна.
– Машаран а, цIиндаларан а дин ду Ислам. И дин лелош долу нохчийн халкъ къинхьегам а, машар а, маршо а езаш ду. Тхан азаллера дуьйна шайн бух болу ламасташ а, Iадаташ а ду. Тхан республика Россин юкъайогIуш хиларца нийса а догIуш, оха Россин Конституци а, федеральни законаш а къобалдо. Цу тIе, тхан тхайн а ю Конституци а, республикин законаш а. Уьш а къобалдо оха. Цундела республика хазлуш а, кхуьуш а ю. Республикехь терроризм а, динан экстремизм а яьржина хилла хенаш кхин юха ца яхкийта къахьоьгуш ду тхо хIинца. Терроризмана а, динан экстремизмана а тIехь толам баккхаран некъа тIехь тхан республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнашкахь тхан вежарий а, йижарий а кхелхина, – элира С.-С.Абдулмуслимовс.
Цо иштта дийцира нохчийн халкъан хIоттамах а, тайпанех а лаьцна.
– Нохчашна юкъа а цхьаьна питана таса боьллера зуламхой. Уьш хIокху жимачу республике 53 пачхьалкхера баьхкинера. Церан питанах Iеха ца дала а, уьш шен мостагIий хиларх кхета а ницкъ кхечира нохчийн халкъан, – билгалдаьккхира цо.
Цул тIаьхьа къамел динчу Россье Ивас элира: – Шун къамеле дика ладугIуш вара со. Суна нохчийн ламастех а, Iадатах а доьзна цхьадолу хIуманаш довзарал сов, Ислам-динах кхера оьшуш цахилар а гучудели.
Цхьаьнакхетар чекхдаьлча Россье Ив цхьаьнакхийтира республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Миграцин гIуллакхашкахула йолчу урхаллин хьаькаман заместительшца Кадыров Мовлетаца а, Вараев Сайханца а.
Цигахь йийцаре йира законца йоцучу миграцин проблемаш а.
Цигахь дакъалоцуш хиллачу Швейцарин миграцин урхаллин векала Жилльо Мари-Жозес дийцира карарчу хенахь цхьайолчу пачхьалкхашна миграци пайдехь хиларх лаьцна. Делахь а, цо билгалдаьккхира, и миграци законаца йогIуш хилар коьрта хилар.
– Швейцари законаца йоцучу миграцина чIогIа дуьхьал ю, карарчу хенахь тхан махка оцу некъаца чувеана 40 сов стаг ву, шайна юкъахь Россера баьхкинарш а болуш, – элира цо.
Кадыров Мовлета а довзийтира республикехь законаца йоцучу миграцица доьзна долу хьал. Цо билгалдаьккхира оцу «некъаца» республике Вьетнамера а, Юккъерчу Азин пачхьалкхашкара а бахархой кхочуш хилар.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Миграцин гIуллакхашкахула йолчу урхаллин а, Швейцарин миграцин урхаллин а, шайн бакъонашка хьаьжжина, цхьаьна болх бан барт хилира.
И.АДАМОВ
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо