Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Евросоюзо 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу денна тIекхаччалц яхйина Россина дуьхьал экономикин санкцеш яран хан. Иштта сацам цо тIеэцна Iамаркан лаам кхочуш а беш. Цуьнца доьзна Россин Президентан пресс-службехь хаам бина оцу санкцешца доьзна Евросоюзана дуьхьал гIуллакхаш ца дича девриг цахиларан хьокъехь.

***
Ингалсан Премьер-министра Мэй Терезас дIахьедина: «Леррина таллам бича гучудаьлла цIеяларан кхерамазаллин лехамашна жоп луш доцу дуккха а гIаьтнаш долу цIенош Великобританехь 120 сов ду». Талламаш бар дIадахьийтинера Лондонерчу цхьана цIийнах цIе яьллачул тIаьхьа. Оцу бохамехь 40 гергга стаг кхелхинера.

***
США коьртехь йолчу дуьненаюкъарчу коалицин тIеман кеманаша бомбанаш а, ракеташ а тохар бахьана долуш хIокху деношкахь Шемара лаххара а 40 маьрша стаг кхелхина, чевнаш хилла 30 сов стагана. Цу тайппана тохарш дуьххьара деш дац коалицин ницкъаша.

***
Полицин вертолето тохар дина Венесуэлан Лакхарчу Суьдан гIишлонна. И тохар даран гIуллакх вовшахтоьхначара лоьху мехкан Президент отставке вахийтар. Ткъа Президента дIахьедина Лакхарчу Суьдана тIелатар дар терроран зулам санна лара дезаш хиларан хьокъехь, зулам дарна бехке болчарна хьокъалла доллу таIзар дийриг хиларан хьокъехь.

***
Террористийн «Аль-Каида» гIеранца боьзна болчу зуламхоша Ливехь йийсар бина ООН-н белхахой. Цкъачунна хууш дац уьш мичахь бу а, царах хIун хилла а. Ливин лерринчу службийн белхахой зуламхой а, йийсар бинарш а лохуш бу.

***
Машен эккхийтар бахьанехь кхелхина Украинин Кхерамазаллин Советан контрразведкин полковник, кхин а 4 бIаьхочунна чевнаш хилла. И зулам дина Донецкан областехь. Цунах долу жоьпалла цхьаммо а тIе ца эцна. ДIахьош ду талламаш бар.

***
Тахана Москвахь цхьаьнакхетар ву Россин Президент В.Путин а, Беларуссин Президент А.Лукошенко а. Цара дийцаре дийр ду шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а тояран, дуьненаюкъарчу хьолан хьокъехь долу гIуллакхаш.

***
Россин Федерацин Советехь къобалдина Москвара пхиппа гIаьтнаш долу цIенош дIадахаран а, церан метта дуккха а гIаьтнаш долу кхузаманан цIенош даран а хьокъехь долу закон а, ткъа иштта 2017-чу шарна йолчу бюджетехь хийцамаш баран хьокъехь болу сацам а.

***
Москвахь цхьаьнакхийтира Россин а, Германин а кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министраш Лавров Сергей а, Габриэль Зигмар а. Масех сохьтехь хиллачу къамелехь цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш тояран, терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран, Шемахь, Украинехь долчу хьолан, кхечуьнан хьокъехь долу гIуллакхаш.

***
Сибрехарчу хьаннашкахь евлла цIерш дIаяйъа ницкъ ца кхочу цкъачунна МЧС-н белхахойн. Таханлерчу дийнахь йогуш ю 75 эзар гектара тIера хьаннаш. Хьал долчу тIе а чолхе даьккхина тIех йовха хиларо а, мехаш хиларо а.

***
Дагестанерчу Карабудахкентан кIоштахь боккха некъан-транспортан бохам хилла. Цигахь 6 стаг кхелхина, 5 стаг лазийна. Бохам хиларан бахьана къастош, талламан белхаш дIахьош бу бакъонаш ларъяран органийн векалш.

№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: