Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь «Къоначу доьзалийн мехаллаш а, сингаттамаш а» темина лерина «горга стол» хилира хIокху деношкахь. Иза вовшахтоьхнера министерствон доьзалан политикин отдело.

«Горгачу стоьлехь» дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин муфтин заместитель, Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векал Хирахматов Хьамзат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин меттигерчу органашца болх баран урхаллин Департаментан директор Гадуев Салман, Культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшан методикин а, клубийн а белхан отделан заведующи Уциев Абу, «Даймохк» газетан культурин отделан редактор Эльдерханова Зайнап. Иштта, министерствон республикерчу кIошташкахь кегийрхошца болх бечу организацийн векалш.
Хьешашка маршалла а хоттуш, цхьаьнакхетарехь йийцаре ян лерина тема йовзуьйтуш, вистхилира кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Месербиев Садо. Iеламстаг хиларе терра, бусалба доьзалан хьокъехь Дала аьлларг довзуьйтуш, чулацаме къамел дира Хь.Хирахматовс. Нохчийн къоман хазачу Iадатех, гIиллакхех лаьцна а дийцира цо. Бусалбанийн умматна тIедиллинчу хIуманех 90 процент гергга дерш нохчийн халкъан гIиллакхашца догIуш хилар а хьахийра Хьамзата. Масала, да-нана, воккханиг, мисканиг, заьIапниг ларар. Цул сов, Хь.Хирахматовс дийцира тIаьхьарчу хенахь къоначу доьзалийн дIасакъестарш алсам хиларх лаьцна а.
«Хьалха стаг, зуда дIасакъастарх уьш, вовшашца гамлой, хьагI лоций Iаш ца хилла. Вовшийн дика-вуоне боьлхуш хилла. Шайн доьзалхо хьалакхиош йолчу зудчунна гIо деш а хилла», – элира цо. Жимачохь берана баочу кхачанна тIера дуьйна цунна Iамочу ламаз даран бакъенийн, тайнигийн, дешаран биста кхаччалц дерг дерриге а маьIне ду кхиорехь. Доьзалан институт чIогIа хилар бахьана долуш схьакхачададелла вайн дайшка оьзда гIиллакхаш таханене, цу халачу бIешерех чекх а даьхна. Ткъа советийн атеизман идеологи чIагIйинчу муьрехь а некъ карийна хилла вайн дайшна бусалба динах хер ца луш баха. Тхан денанас, когаца ага а техкош, цхьа аьхначу мукъамашка ладегIна дагадогIу суна. Юха, со воккха хилча, хиира суна цо тхайна баьхнарш, тхуна аганан иллеш а доцуш назманашкахь дуьйцу Къуръанан аяташ а, Элчанан (I.с.в.с) хьадисаш а хиллийла», – дагалоьцура Хьамзата.
ТIейогIучу заманахь муфтиято а, пачхьалкхан организацеша а болх бан беза доьзал дIасакъастаран культура къоначарна йовзуьйтуш. Уциев Абус а дагалецира ша жима волчу хенахь нохчийн доьзалшкахь хилла-лелла хаза гIиллакхаш.
Гадуев Салмана а билгалдаьккхира вайн санна долчу жимачу халкъана шен ламасташ, гIиллакхаш лардар мехала хилар.
«Хьамзата, Абус, Зайнапа кху конференц-зала чохь дийцинарш хезаш, ладугIуш дуккха а кегийрхой хила безара. Суна сайна а ца хезна а, дицделла а дуккха а пайдехь долу хIуманаш хези. ХIара тайпа болх хIора кIоштахь, юьртахь кегийрхошца бан беза. Тхайн долчу декъана оха тхайгара оьшу гIо-накъосталла а дийр ду. Вайн йиш яц, Iамаркан я Европин исбаьхьаллин фильмашкахь мел гойту маьттазалла вайн кегийрхошна нийса ду моттуьйтуш, хевшина Iен. Вайн къоман оьзда мехаллаш йовзийта а, ларийта а кегийрхошца бийца мотт а, некъ а карон беза вайна», – элира С.Гадуевс.
Дуккха а ду тIейогIучу хенахь кегийрхошца болх бечу министерствийн а, ведомствийн а, юкъараллин организацийн а белхахойн дан деза гIуллакхаш.
З.ХИЗРИЕВА
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо