ЦIечу майданахь – Пушкинан де

Москвахь дIаяьхьира «ЦIен майда» книгийн йоккха фестиваль. Оцу тайпана фестиваль кхоалгIа дIахьош яра пачхьалкхан коьртачу шахьарахь. Оьрсийн халкъан поэт Пушкин Александр виначу денна а, оьрсийн маттана а лерина яра иза. Пачхьалкхан ерриге а регионашкара Яздархойн союзийн векалш бара цигахь дакъалоцуш.

Нохчийчоьнан цIарах цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, Россин Яздархойн союзан декъашхо Ахматукаев Адам.

Россин Федерацин куьйгалхоша яздархошца дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Ибрагимов Кантас. Цул тIаьхьа, фестивалан дакъалацархошна нохчийн маттахь язйина книгаш а йовзийтира цо.

Оцу фестивалехь «Россин къаьмнийн кхузаманан поэзи» дуккха а меттанашкахь араяьлла антологи йовзийтира цуьнан коьртачу редактора М.Амелина а, жоьпаллин редактора К.Ибрагимовс а. Ша саннарг дуьненахь кхин ян а йоцуш, мехала книга ю иза. ХIунда аьлча, вайн пачхьалкхехь дехачу халкъийн кхузаманан 229 поэтан а, 142 гочдархочун а, 57 маттахь а, оьрсийн маттахь а язйина байташ ю цу тIехь.

Оцу антологин нохчийн къоман агIо дIалоцуш Абдулаев Лечин, Ахматукаев Адаман, Цуруев Шарипан, Жумалаева Лулин, Шамсудинов Бувайсаран байташ ю.

Пушкин Александр дага а лоцуш, цуьyан байташ йоьшуш гулбеллачарна ша оьрсийн маттера нохчийн матте гочйиначу А.Пушкинан байтех цхьа байт йийшира А.Ахматукаевс. Иштта, кхин дуккха а нохчийн авторийн оьрсийн матте ша гочйина байташ а йийшира цо. Кхечу поэташа а йийшира шайн къоман маттахь язйина байташ. Самукъане дIадаьхьира цара и де.

«Россин къаьмнийн кхузаманан поэзи» антологина юкъаяханчу байтийн авторша а йийшира шайн байташ.

Фестиваль ерзош Россин халкъийн литературин гIоьнна кхоьллинчу Федеральни редакционни Совето Баркаллин кехаташца билгалбехира оцу цхьаьнакхетарехь жигара дакъалаьцна поэташ, царна юкъахь Ахматукаев Адам а вара.

ВЕГИЕВА Макка

Суьрта тIехь: фестивалан дакъалацархой

№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: