Юкъара толам

Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн технологин техникумехь «Россин хазалла а, нуьцкъалла а – культурийн, ламастийн дукхалла» цIе йолу фестиваль хилира.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн а, ГIалгIайн а республикашкахь йолчу «Вай цхьаьна – Росси» проектан куьйгалхоша а, Нохчийн кегийрхойн «Диалог» юкъараллин боламо а «Къона лидерш» клубан декъашхошца цхьаьна.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан а, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Соьлжа-ГIалин мэрин а, Дешаран а, Iилманан а, кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а министерствийн а, Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан, республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Адамийн бакъонаш ларъяран а Советан а векалша, иштта, Нохчийчоьнан Юкъараллин палатин декъашхоша.

Къилбаседа Кавказан федеральни округан кхаа регионан коммерцин йоцучу организацийн векалш а, кегийрхойн юкъараллин «Кавказехь дехачу къаьмнийн – барт» а, «Кавказехь – машар» а боламийн дакъалацархой а бара фестивалан къийсадаларшкахь дакъалоцуш.

И гIуллакх дIахьош хиллачу «Диалог» боламан председатела Аюбова Лайлаа луларчу регионашкара (ГIалгIайчуьра, Дагестанера) баьхкина хьеший бовзийтира гулбеллачарна.

– Ишттачу цхьаьнакхетаршкахь, доттагIаллин уьйраш чIагIло кегийрхойн, церан патриотизм кхиорехь доккха дакъа а лоцу, цундела Iаламат чIогIа мехала ду хIокху тайпана фестивалаш дIаяхьар, – элира Л.Аюбовас.

ГIалгIайчуьрчу, Дагестанерчу, Нохчийчуьрчу векалша рогI-рогIана шайн проекташ йовзийтира, Кавказах лаьцна байташ йийшира, эшарш лийкхира, иштта къоман хелхарш дира.

ХIора а тобано гайтамна кечйина номерш дика хиларна толам кхаа тобанан юкъара хилар дIакхайкхийра жюрис.

– Аш тахана мел гайтинарг хаза а, дика а кечдина хиларна, шуна юкъара тоьлла цхьа тоба харжа хала дара тхуна. Цундела, жюрин декъашхойн барт а хилла толам кхаа тобанна юкъахь бекъна оха. Дала тIаьхье беркате йойла шун! Дала кхиамаш кхин совбохийла шун, – элира жюрин декъашхочо, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон коьртачу говзанча-эксперта Вазаралиев Висадис.

Фестиваль ерзош цигахь дакъалаьцначу тобанашна мехала совгIаташ дира.

Хь.БАХТАЕВА

Авторан суьрта тIехь: «Россин хазалла а, нуьцкъалла а – культурийн, ламастийн дукхалла» фестивалан дакъалацархой

№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: