«Пиманов и партнеры» кинокомпанис «Красная звезда» Медиахолдингаца цхьаьна хаам бо хIокху шеран товбецан (сентябрь) беттан 28-чу дийнахь исбаьхьаллин «ГIирма» фильман премьера хирг хиларх лаьцна.
Оцу проектан автор Россин Федерацин оборонин министр Шойгу Сергей ву. Россин Федерацин Президента В.Путина къобалйина и проект.
Исбаьхьаллин «ГIирма» фильмехь 2014-чу шеран бIаьста ГIирмехь хиллачу хиламийн сурт хIоттор ду. Цуьнан Iалашо ю оцу шарахь еана йолу «ГIирмин бIаьсте» нахана дIагайтар а, иштта, оцу халачу деношкахь ГIирмин бахархоша лайнарг довзийтар а.
«ГIирма» фильм йоккха проект ю. Фильм йоккхуш пайдаэцна кхузаманахьлерчу тIеман техниках: вертолетех а, тIеман-транспортан авиацих а, хIорда-кеманех а, тIеман машенех а.
Вай юьйцуш йолу проект социальни а, культурин а декъехь маьIне хилам хилла дIахIуттур ю. Оцу фильмехь билгалйохурш къаьмнийн цхьааллин а, историн дозаллин а теманаш хиларца нийса а догIуш, тIекхуьуш долу чкъор кхетош-кхиоран гIуллакхехь мехала хилам лара богIу.
З.ХАСИЕВА
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо