Де-дийне даларца юкъайовлу керла технологеш, цуьнца доьзна адамийн дахар а аттачу долу. Цхьана заманахь санна, латтаца болх бийраш а, беш кхиош берш а, шайн куьйгашна ницкъ беш берш а кIезиг бу вайна юкъахь. «Асарш деш къахьоьгучул а, оьшург туьканара схьаоьцур яра вай-м» олурш дукха хуьлу.
ХIинца кхин зама ю. Шен замане хьаьжжина деха адамаш а. ХIора а денна керла хIума юкъадолуш хилча а, адамаш денна кхуьуш хилча а хазахета, делахь а, цхьадолу керланиг адамашна вуониг дохьуш кхочу. Оцу «керлачаьрца» ю заманахь чIогIа яьржина йолу «жидкие батареи». ХIун дика дохьу цара вайна?!
Вайна ма-хаъара, кегийрхошлахь къаьсттина даьржина ду энергетикин маларш мийлар. «Оцо молура», «кхечо молура» бохуш, баккъал а царах мерза хи а тарделла лела цхьаберш. Хаьий-те ишттачарна, оцу маларша шайн кийрахь долу хIума талхадойла?!
«Adrenalin», «Flesh», «Red Bull», «Monster», кхин а масане ю церан цIерш. Хууш ма-хиллара, кофеин а, алссам шекар а, иштта, могашаллина иэшам беш йолу кхийолу ингредиенташ туху царах и маларш кечдечу хенахь. Цхьана ханна дегIана гIора а, ницкъ а ло цара, олий, Iехало царах. Мел кIадвеллачунна а цо ницкъ луш хилча, хаа мегар дар-кх, адаман могашалла йоццачу хенахь цара талхош хилар.
Адаман могашаллина энергетикин маларша бечу тIеIаткъамах лаьцна дийцира тхуна, онкологин Республикин диспансеран эндоскопин отделенин лоьро-эндоскописта Чуликов Ислама.
– Уггаре а хьалха суна билгалдаккха луур дара энергетикин маларш адамийн могашаллина чIогIа вуон хилар. ДегIана, цхьана денна лерина долу гIора схьа а гулдой, цхьана-шина сахьтана ницкъ ло цара. Амма, иза меллачул тIаьхьа, 3–4 сахьт а далале, дерриге а гIора дIадолу. ТIаккха и де дIадаллалц гIорасиз хуьлу адам. Стеган и мелча гIора цIеххьана 2–3-зза алсамдолу, тIаккха цхьа хан яьлча, адам сиха кIадло. Цхьаволчо кест-кеста молу вай дуьйцу маларш. Оцу стагана шена хаалуш дацахь а, цуьнан дегI жим-жимма дулу цу дIаьвшех. ТIаккха и маларш дита воьлча а, атта дита ца ло. Ишттачо цIеххьана энергетикин маларш дитича, оцу стагана депресси хуьлу. Цуьнца цхьаьна кIадвалар а, наб цакхетар а, дегазалла, кхидерг а хуьлу.
Деган-пхенийн а, нервни системин а болх цIеххьана сихбо оцу маларша. Цундела, гIеметта хIиттинчарна къаьсттина кхераме ду уьш мийлар. Атеросклероз йолчарна маггане а магош дац и «дIовш». Дог деттадалар оцу маларийн тIеIаткъамца кхин а сихдаро вуон тIаьхье хилийтарна кхерам бу. Иштта, энергетикин маларшца долу кофеин а, шекар а чIогIа кхераме ду, къаьсттина зорхина. Цхьана кIиранах 250 мл йолу цхьа шиша малар-м ша дара, цхьаболчара дийнахь 2–3 шиша молуш меттиг а ма хуьлу. И саннарг аьттехьа а мегар дац. 40 шарал тIехбевллачеран могашаллина иэшам кхин а сиха бийр бу оцу маларша. Уьш муххале а ларбала безар-кха оцу «жидкие батареи» олучу дIаьвшах, – дийцира цо.
З.ЛОРСАНОВА
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо