Волгоградера – толамца

ХIокху деношкахь Волгоград гIалахь дIаяьхьира регионашна юкъахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу турнир. Вайн республикера, Волгоградерчу «Сталинград» цIе йолчу спортсменийн клубо кхайкхина, турнирехь дакъалоцуш вара 11 спортсмен.

Иштта, оцу турнирехь, йозаллин 10 категорехь хьалхе къовсуш, дакъалоцуш Россин ерриге а субъекташкара 350 сов спортсмен вара. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь финалехь толамаш а баьхна, хьалхара меттигаш ехира вайн республикерчу: Дадаев Илеса (26 кг.) – ДЮСШ №7, Исмаилов Ислама (28 кг.) – ДЮСШ №7, Гокбулатов Исраила (32 кг.) – ДЮСШ №7, Газиев ИсмаьIала (38 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ, Товсултанова Малика (42 кг.) – Теркан кIоштан ДЮСШ.

ШолгIа меттигаш ехира Бетербиев Iабдул-Хьамида (24 кг.), Заураев Ислама (50 кг.) – ДЮСШ.

КхоалгIа меттиг яьккхира Хамзатов Хаваж-Баудис (46 кг.) – РДЮСШ.

Дика кхиамаш бу вайн спортсменаша Волгоградехь баьхнарш. Спортсменаш оцу кхиамашка кхачорна шайн къинхьегаман дакъа юкъадиллира церан тренерша. Уьш бу: И.Исраилов, Б.Тулаев, М.Батаев.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: