«Нана» журнал хIора баттахь зорбане даларе сатуьйсучарна журнал тIаьхьарчу хенахь наггахь бен гойла хуьлуш дац (БИЛГАЛДАККХАР: журналан электронни кеп хIора а баттахь арайолуш а, журналан сайта тIехь зорбайоккхуш а ю). 2017-чу шеран хьалхарчу кхаа баттахь яла езаш хилла йолу журналан хьалхара номер зорбане яьлла.
Даима санна журналан юьхь а, цуьнан дикалла а мужалтана тIе бIаьрг хIоттарца къаьсташ ю. Журналан чулацам а бу шех йолу ойла дикачу агIор тIечIагIъеш. ГIарабевлла бевзачу репортерийн Садулаев Мусан а, Ильясов Адаман а, ткъа иштта Ясаева Маккин а, Ясаев Лечин а суьрташ ду журналехь.
«Дахаран сирла некъ» аьлла хаза дош карор ду дешархошна Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналистан, «Вайнах» радион дикторан Эльмурзаева Розин 75 шо кхачар а, оццу радиохь цо болх бен 60 шо хилар а дуьйцуш.
Дукха хан яра литература езархошна литературин критикин Гайтукаев Казбекан белхаш ганза. Кху номерехь К.Гайтукаевс шен Iилманан «М.Лермонтов и Чечня» статья оьрсийн поэтан М.Лермонтовн кхоллараллах лаьцна язйина.
Нохчийн Республикин Iилманийн академин археологийн талламийн туьшан Iилманчас М.Тангиевс а, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархочо Э.Шаптукаевас а кечйина Итон-Кхаьлларчу МIайист-чIожах лаьцна дуьйцу статья. «Васар-Кхел», «ЦIе Кхел» бIаьвнийн комплексах лаьцна дуьйцу статьяхь. «Царнаев» … Хьанна ца вевза говза, похIма долу репортер? Цуьнан суьрташа дуьненна а гуотуьйсу. Мусаева Рамазис язйина Царнаев Сайд-Хьусейнан суьртийн гайтамо йойту ойланаш йовзуьйту статья.
Журналан мах иштта лакхара хир бацара цу тIехь Саралиева Табаркан «Ану» цIе йолу жима очерк ца хиллехь. Нохчийн халкъан яхь йолчу зудчух лаьцна и очерк вуно говза, ношбелла Iаж санна болчу мерзачу маттаца язйина Табарка.
Журналан 26-чу агIон тIехь Гудермесский Илесан ойланаш ю, вайн дахарх, яханчу заманах. Къаьхьа бакъдерш афоризман кепехь яздина цо. Алхазуровский Танги-чу псевдонимаца яздина а ду доцца, амма чулацаме дийцарш. Уьш 32-чу агIонна тIера 55-гIа агIонна тIекхаччалц ду.
Iилма, литература хилла ца Iа журналехь юьйцуш. Медицинин хьаьрмахь долчарах цхьадерш а довзуьйту. Масала, Овхадова Яхитас вайн заманахь алссам яьржинчу «шекаран диабет» цамгарх лаьцна дуьйцу шен «Мерза цIий а, къаьхьа бIаьрхиш а» статья тIехь.
ГIалгIайн Республикехь торакальни хирургин туш схьаелларх лаьцна статья язйина М.Картоевс.
Ламаст хилла схьадогIу «Нана» журналан хIора номерехь вайн луларчу республикийн яздархойн а, поэтийн а кхолларалла йовзийтар.
«Ненан» «Хьешан цIа» рубрикехь еша таро хир ю цхьамогIа авторийн говзарш.
«Керла тулгIе» рубрикехь йовзуьйту къоначу поэтессин Малакова Хедин «Дуьненах ойланаш» аьлла йолчу циклера байташ.
Ала лаьа «Нана» журнал тийналлехь, синна аьхналла оьшучу деношкахь деша тамехь хилар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо