Йишлакхархочун керла кхиам

Парсанова Таисин цIе дика евзаш ю вайн махкахь. Иза йишлакхархо ю. Нохчийн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а «Нохчо» фольклорни ансамблан солистка ю Таиса.

2014-чу шарахь Сочехь дIаяьхьначу эстрадин эшарийн дуьненаюкъарчу фестивалан толамхо ю вайн махкахо. Цигахь хьалхара меттиг яккхарна дашо мидал елира цунна. Иза Iаламат боккха кхиам бара, Таисин хилла ца Iаш, Нохчийн Республикин ерриге а культурин а.

Цуьнан похIма бахьанехь кхин цхьа кхаъ кхаьчна кху деношкахь Нохчийчу. 2017-чу шеран асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь ГIебартойн-Балкхаройн Республикин коьртачу шахьарахь хиллачу искусствийн олимпиадехь «Дашо микрофон» совгIат дина вайн махкахочунна.

2013-чу шарахь а дакъалаьцнера Таисас Артийски комитето Нальчикехь хIора шарахь дIахьочу искусствийн олимпиадехь.

Йишлакхархочун башхачу озах чIогIа цецбевллера жюрин декъашхой. Цара дика мах хадийра лаккхарчу говзаллица йиш дIалокхочу артисткин. Толаман совгIат а дира. Парсанова Таиса дика йишлакхархо хилар вайна массарна хууш дара.

Делахь а, Нальчикехь цунна диначу совгIато тоьшалла до иза Къилбаседа Кавказехь а тоьллачарех цхьа йишлакхархо хиларна.

«Дашо микрофон» жюрис билгалваьккхинчу шеран тоьллачу артистана бен луш яц. Артийски комитето билгалбохурш ерриге а Кавказан тоьлла артисташ бу.

ГАЗИЕВА Аза

№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: