40 шо гергга хан ю Вискаева Любас Нохчийн Республикин Тайнигийн театрехь болх бен. 1978-чу шарахь кхиамца юккъера школа чекхъяьккхина еара иза театре балха. Цу хенахь кхо труппа яра театрехь болх беш: оьрсийн, нохчийн, гIалгIайн. Къинхьегаман дуьххьарлера гIулчаш гIалгIайн труппехь ехира Любас. Юьхьанца иза мелла а ийзалора, шегара балха тIехь цхьа ледарло яларна кхоьруш.

Амма тайнигийн театрехь дуккха а белхаш бина, алссам зеделларг долуш болчу актераша терго еш цо сиха караерзийра сценин къайленаш, шарйира корматалла, Iамийра тайнигашца сцени тIехь болх бан.
Тахана йоккха репертуар ю Вискаева Любин. Тайнигийн театро хIиттийначу дуккха а спектаклашкахь дакъалаьцна актрисас. Уьш яра Чахкиев СаьIидан пьеси тIехь хIоттийна «Горская новелла», М.Поливановас язйина «Веселые медвежата», В.Коростылевн «Айболит», Ш.Казиевн «Золотой осел Насреддина», А.Усмановн «Тайна пещеры», Б.Абадиевн «Приключения Ибрагима», иштта дуккха а кхиерш.
Къегина, басарш ца кхоош, сирла васташ кхоьллина актрисас билгалъяьхначу спектаклашкахь. Бераша самукъадаларца тIеоьцу Вискаева Любас дакъалоцуш йолу спектаклаш – актрисас говза кхуллу васташ. Берийн дуьхьа къахьоьгуш йолчу актрисина хазахета спектакле хьовсу бераш доьлуш гича, церан яххьаш серлаевлча. Иза дика кхета таханлера бераш къоман кхане хиларх. Цундела къона чкъор кхетош-киорна тIе тидам бохуьйту актрисас шен атта боцучу балха тIехь.

Къона чкъор кхетош-кхиор Iаламат жоьпаллин гIуллакх дуй хууш, театрехь бечу балхана юкъара ца йолуш Нохчийн Республикин пачхьалкхан университет чекхъяьккхина цо. Театрехь тахана хIоттош йолчу тайп-тайпанчу спектаклашкахь муьлхха а васт кхолла говзалла ю цуьнгахь. ХIора спектаклехь ши-кхо роль тешайо актрисех. Тайнигийн театрехь хIиттош дерш берийн туьйранаш хиларе терра, дукха хьолахь акхаройн васташ кхолла деза актерийн.
Люба дика ларайо шен декхаршца. Цхьогалан, пхьагалан, боргIалан, иштта дуккха кхин а васташ кхоллало актрисе берийн самукъадолучу кепара. Цуьнан корматаллин таронаш шуьйра хилар ду иза. ЦIеначу даггара цунна шен болх дукхабезаш хиларан тоьшалла ду иза.
Вискаева Любас хьанал къахьегар гуш ду куьйгалхошна. Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ ду цунна делла. 2008-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка» сийлахь цIе елира похIмечу актрисина. Ткъа 2012-чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин халкъан артистка» ю иза.
Хазахеташ ду Люба санна долу башха адамаш шайн болх безаш, цIеначу даггара вайн берийн самукъадаккха лууш къахьоьгуш хилар. Нохчийн Республикин Тайнигийн театро а, цуьнан похIмечу актераша а Даймохк беза, да-нана лара, къинхетаме, комаьрша, самукъане хила Iамадо вайн бераш. Iаламат мехала гIуллакх ду иза.
А.ГАЗИЕВА
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо