Нохчийн къоман историх а, цуьнан дахар-Iерах а, тайпанех а, гIиллакхех а, дийцарех а, туьйранех а яздечу хенахь дуьненан историкаша, этнографаша, 1872-чу шарахь Тифлисехь араяьллачу «Кавказан ламанхойх болчу хаамийн сборника» тIехь цуьнан «Нохчийн къам» аьлла йолу дуьххьара нохчичо шен къомах лаьцна язйина очерк зорбанера яьлчахьана дуьйна ХIХ-чуй, ХХ-чуй бIешерашкахь а, тахана а нохчийн дуьххьарлерчу этнографан Лаудаев Умалтан цIе санна дукха йохуш цхьа а Iилманча хир вац, аьлла хета суна. Оцу говзарна тIера санна Iилманчаша шайн талламашкахь цитаташ дукха ялийна кхин болх буй-те, олий а хета.
Мел говза язбина болх хила беза иза, автор Iилманча воццушехь (паччахьан эскаран эпсар вара иза), оццул гIарбала. Цуьнан коьрта бахьана ду, массарна хетарехь, авторна, ша нохчи хиларе терра, нохчийн дахар дика девзаш хилла хилар. «Нохчех со хьалхарниг ву иштта инзаре кIезиг бевзаш болчу сайн Даймахках оьрсийн маттахь дуьххьара яздеш», – дозаллица даре до Умалта.
Цуьнан талламан мехалалла Башломан баххьел а лакхайоккхуш, кхин цхьа хIума а ду кхузахь билгалдаккха дезаш – болх бакъдолчун буха тIехь язбина хилар. Цунах лаьцна иштта яздо ша Умалта: «Ша теллинчун буха тIехь я ханна ван а веана, махках нийса яздар дуккха а хIуманашца дозуш ду, царна юкъахь коьртаниг ду: къам хьекъалца кхиъна хилар а, шел дика кхиъна болчу лулахошца йолу цуьнан юкъаметтиг а. Халкъ хьекъална кIезиг кхиъна делахь а, цуьнан лулахошца йолу юкъаметтигаш доттагIаллин йоцуш, мостагIаллин елахь а, къоман хIусамехь долчу дахар-Iерах а, цуьнан юкъараллин дIахIоттамах а яздан веанчу некъашгездархочо бан безар бу шега балур боцу болх: цуьнан къийса дезар ду тайп-тайпанчу Iадаташца а, цатешамашца а; тIаьххьара цо яздан дезар ду ша тIехула бинчу талламийн буха тIехь, я, бакъ бу-бац ца толлуш, ша гулбинчу хаамийн буха тIехь. Иштта, цхьа а кIорге а, хаарш а доцуш бу, Кавказан лаьмнашкарчу къаьмнийн дахарх болу берриге а белхаш». Иза дан а дара иштта. Ткъа У.Лаудаевн болх, гIуллакх кIорггера, чуьра хаарца язбина бу, цундела иштта мехала а бу.
Тайп-тайпана бу Iилманчийн У.Лаудаевн «Нохчийн къам» бохучу талламе хьежам. Цхьаберш лоь цунна, цхьаццадолу цо дина жамIаш шеко кхуллуш а, гIалате а ду бохуш, цо, нохчийн историга бен-башха доцуш хьаьжна, иза нийса ца язйина, нохчий емал бина бохуш (Хь.Туркаев. «Литературийн исторически кхолламаш…», М.Адуев). ШолгIачара Iаламат чIогIа хеставо, «Кавказан ламанхойх болучу хаамийн сборника» тIехь зорба тоьхна шен схьавалар нохчех долчу Лаудаевн очерк оцу тайпанчу белхех уггаре а диканиг бу», бохуш (Б.Далгат. «Нохчийн а, гIалгIайн а тайпанийн дахар-Iер а, юкъара бакъо а»). КхоалгIачара чIагIдо, «1860-чу шерашкахь нохчийн дахарх дуьххьара оьрсийн маттахь яздина волу У.Лаудаев нохчийн хьекъалчех уггаре а тоьллачарах ву олий (В.Шнирельман. Аланаш хилар. М., 2007). Амма бен-башха доцуш ца хуьлу цхьа а. Умалтан таллам чIогIа мехала хиларна бакъдолу тоьшалла ду иза.
Лаудаев Умалтан «Нохчийн къам» бохучу белхан мехалалла кхин а лакхайоккхуш, цхьа бакъдерг дало а лаьара кхузахь – нохчий а, церан дахар-Iер а, барта кхолларалла а дика евзаш, нохчийн эшарш дуьххьара кириллица доттагIашкара Девкар-Эвларчу Исаев Балтера, Дурдигара дIаязйина волчу сийлахь-воккхачу оьрсийн яздархочо Толстой Лев Николаевича 1875-чу шарахь и очерк ешначул тIаьхьа шен доттагIчуьнга, поэте Фет Афанасийга дахьийтина кехат.
Цо яздо: «Цхьана а дена ю-яц хууш йоцу, амма со шайх воккхавийна ца волуш йолу книгаш йийшира ас оцу хенахь. Тифлисехь арахецна Кавказан ламанхойх хаамаш тIехь болу сборник ю иза. Цигахь ламанхойн туьйранаш а, поэзи а ю, инзаре башха поэтически мехалаллаш а ю. Хьуна яийта дагахь вара со уьш. Амма иза ас ца до, айса уьш юха а, юха а йоьшу дела…». Иштта лакхара мах хьен-хьеннан говзарийн хадош ца хилла Л.Н.Толстойс.
Лаудаев Умалт вина 1827-чу шарахь Теркайистерчу нохчийн юьртахь — НогIамирзи-Юьртахь (тахана – Теркайистера Ломаз-Юрт).
Цуьнан деда Нохчмахкара охьавеана хьалдолуш стаг хилла. Цигара охьа а веана, Теркайистехь НогIа-Мирзи-Юрт йиллина цо. Юьртахоша лоруш ши стаг хилла Умалтан деда а, да а. Ший а пурстоьпан даржехь а лаьттина.
Шайн юьртахь а, луларчу станицехь а бехачу гIалагIазакхийн берашна юкъахь кхуьуш хиларе терра, жимачу Умалтана сиха Iемира оьрсийн мотт.
Цундела Теркаца бехачу гIалагIазакхийн берашна леррина йиллина станицин школа дика а, тIехдика а хаарш гайтарца чекхъяьккхира цо. 1838-чу шарахь цхьайтта шо кхаьчна Умалт Санкт-Петербургерчу шолгIачу кадетийн корпусе деша дIало дас Ловдас. Иза 1845-чу шарахь чекхъяьккхича, эпсаран хьалхара корнетан чин а лой, оццу шарахь 46-чу Донан дошлойн полке бIаьхаллин гIуллакхе хьажаво Умалт. Оцу полкехь цо дуьххьара, шен ткъе цхьа шо бен доцуш, 1848-1849-чуй шерашкахь дакъалоцу Венгрехь а, Трансильванехь а хиллачу гIаттамийн дакъалацархошца бинчу тIемашкахь. Цигахь къоначу корнета майралла а, стогалла а гайтина хиларна тоьшалла ду, цунна «Венгри а, Трансильвани а дIатеярна» аьлла йолу пачхьалкхан Дато мидал елла хилар.
Оццу шарахь Умалтана елира Сийлахь Езачу Аннин кхоалгIачу даржан мидал, 1849-1853-чуй шерашкахь Умалта бIаьхаллин гIуллакх до Россин кIоргенашкахь тайп-тайпанчу дошлойн подразделенешкахь. 1849-чу шеран 23-чу июнехь цунна ло поручикан, 1857-чу шарахь штабс-ротмистран чинаш а, Паччахьан Лаккхара Сийлахь Баркалла а.
1856-чу шарахь, ротмистран чин а лой, эскарехь гIуллакх дан Кавказе, Нохчийчу, Йоккхачу АтагIана гена йоццуш хиллачу Воздвиженски гIопе хьажаво. Цига кхаьчча, Кавказан хьалхарчу тIамехь дакъа а лоцуш, нохчашна а, дагестанхошна а дуьхьал лета дийзира цуьнан. И тIом чекхбаьлча, «Кавказ караерзорна» мидал а елира цунна. Амма тIом чекхбаьлча, Кавказаца йоьзна йолу пачхьалкхан политика ма-ярра евзий, цо кхузахь лелон харцонаш гой, сацам боллуш эскарехь гIуллакхдар а дуьтий, 1860-чу шарахь отставке волу У.Лаудаев. И бахьана долуш, паччахь гIеххьачул оьгIаз а воьду цунна, цхьана ханна эскарехь гIуллакх дар а доьхку Умалтана.
Шена мукъа беанчу оцу муьрехь, ткъе итт шо бен ца хиллехь а, дуккха а гина а, хезна а, лайна а волчу, нохчийн дахар дика хууш волчу Умалтана дагадогIу нохчийн къоман бакъйолу истори язъян. Шена карийна документаш толлуш, баккхийчу нехан дагалецамаш, нохчийн шира дийцарш, туьйранаш, иллеш, эшарш, гIиллакхаш дIаяздеш, наха ловш йолу халонаш, баланаш, царна тIехь лелон харцонаш, деш долу таIзарш гуш, берриге а нохчийн мохк теллира цо. Иза нохчи хиларе терра, цуьнга даггара, хийрачу кхечу къаьмнийн талламхошка дуьйцур доцург дуьйцура наха Умалте. Шийтта шарахь бо цо и хала болх. Цундела иштта дика а, чулацаме а, кIорга а, бакъ а нисбелира цуьнан «Нохчийн къам» боху болх, журнала тIехь зорба тохарца дуьненна а гIарабелира.
Оцу белхан Тифлисе бохьуьйтуш новкъахь я редакцехь цхьацца долу дакъош дайначух тера а ду, хIунда аьлча «Кавказан ламанхойх болучу хаамийн сборникан» редактора В.И.Вороновс яздо: «Оха шун тидаме юьллуш йолу статья редакце кхаьчначу нохчех схьаваьллачу У.Лаудаевс динчу куьйгайозанан масех кийсак бен яц. Амма уьш ешча, ойла кхоллало иза буьззина чекхбаьккхина болх хиларх». Ткъа историн Iилманийн кандидата Адуев Мовсара, 1992-чу шарахь У.Лаудаевн болх юха арахоьцуш шен дешхьалхенна тIехь яздира: «1872-чу шарахь «Сборника» тIехь зорба тоьхна материал юьззина цахилар гуш ду. Амма, Iилманчаша мел чIогIа а, лерина а лехарх, хIинццалц схьа Тбилисин издательствошкахь У.Лаудаевн дуьззина долу куьйгайоза карийна дац».
1877–1878-чуй шерашкахь дIаболало Болгарин халкъ туркойн пхеабIешеран олаллера паргIатдаккхаран оьрсийн-туркойн тIом. Цигахь дакъалаца Нохчийн дошлойн иррегулярни полк кхуллуш, Умалтана тIера шен оьгIазло дIайоккху паччахьо. Оцу полкан бIе дошлочух лаьттачу декъан командир хIоттаво иза. Цо оцу тIамехь бIаьхаллин даккхий хьуьнарш а, майралла а гайтина хиларна тоьшалла ду Умалтана бусалба тIемалошна лерина йолу Сийлахь Везчу Станиславан кхоалгIачу даржан тарраш а, бант а йолу Орден елла хилар, «Майралла гайтарна» аьлла тIе яздина а долуш. Цул сов, Умалтана еллера «1877–1878-чуй шерийн тIом дагалецаран» а, «Кавказехь бIаьхаллин гIуллакх дарна» а мидалш.
Паччахьан эскарехь шовзткъе итт шарахь гIуллакх диначул тIаьхьа 1892-чу шарахь Паччахьан Указаца эскарера мукъаваьккхира подполковникан чинехь волу Лаудаев Умалт. Цунах лаьцна иштта аьлла Россин пачхьалкхан тIеман историн архивехь долчу документа тIехь (Ф 407-гIа. Оп. 1, 943, 949 гIуллакхаш): «Лаудаев (Лавдаев) Умалт. 2-чу кадетийн корпусехь кхиийнарг. Корнет — 1845шо, 20 август. Поручик — 1849 шо, 23 июнь. Штаб-ротмистр – 1857 шо, 14 июнь. Ротмистр – 1865 шо, 5 март… Эскарера мукъа витина Паччахьан Указаца подполковникан даржехь, эскаран духар лело бакъо а, пенси а луш, 1892-чу шеран 4-чу февралехь».
Дийцарехь, майра эпсар а, хьекъале Iилманча а хилла нохчийн хьалхара историк а, этнограф а, тахана шех туьйранийн турпалхо а хилла дIахIоьттина волу нохчийн къоман бакъволу кIант Лаудаев Умалт велла 1902-чу я 1904-чу шарахь. Бакъдолу терахь ца хаьа цхьанна а. Амма цуьнан цIе а, болх а бехар бу нохчийн халкъ а, дуьне а, Iилма а мел деха. Цуьнан цхьа а тайпа шеко яц.
КУСАЕВ IАДИЗ
яздархо, журналист, литература а, истори а таллархо
№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо