Эскерханов Хьабибулла

ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь болх беш хиллачу журналисташна-ветеранашна дика дагавогIу хIетахь цига балха хIотта веана хилла жима стаг Эскерханов Хьабибулла.

Хьалхарчу муьрехь чIогIа эхь хеташ, ур-атталла балхахь шена хууш доцург накъосташка хатта а ца хIуттура иза. И эхь хетар белхан накъосташа сихха дIадаьккхира цуьнан, гIо дира шайга дIанисвала. Хьабибулла юьхьанца корректоран балха вахийтира. Газет даран къайленаш йовзарна а, журналистан корматалла кхачам боллуш караерзорна а дика таро ю редакцехь болх бар корректоран корматаллина тIера дIадолор.

Университетехь доьшуш волуш а, ткъа цул тIаьхьа школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш а, дика карабирзинера Хьабибуллина нохчийн мотт. Цундела цунна хIинца атта дара. Цуьнан хIинца таро яра шен меттан хаарех балхахь буьззина пайдаэца. Ала деза, Хьабибулла дукха хан ялале ша кхочушдеш долу гIуллакх дика карадирзина, шен декхаршца кхиамца ларош хилла хилар.

Коьртачу декъана газет гIалаташ доцуш арадалар корректоран балхах дозуш ма-ду. Цунах дика кхеташ вара Хьабибулла. Коьрта, жоьпаллин материалаш тIехь йолу газетан агIонаш ешар, уьш гIалатех цIанъяр гуттар а Хьабибуллина тIедуьллура. ТIаьххьара а кхечу корректорша ешна агIонаш ешар а, таллар а тIедиллина, коьртачу корректоран дарже ваьккхира Хьабибулла. Цу тIехь гIалат а ца бевлира редакцин куьйгалхой.

Хан яларца шен коьртачу балхаца цхьаьна кест-кеста газете хаамаш а, яккхий йоцу статьяш а, зарисовкаш а язъян волавелира Хьабибулла. ТIаккха алссам яккхий материалаш язъяре а кхевдира иза. Ткъа язъеш йолчу материалана тема харжа а, иза говза гайта а, газетдешархочун иза еша лаам хуьлучу кепара кечъян а хууш болу журналисташ гуттар а оьшуш бу редакцехь. Хьабибуллас гайтира ша ира бIаьрг, лаккхара кхетам болуш хилар лоьхуш болу корректоран болх беш яьккхина хан эрна дIаяхийтина цахилар.

Хьабибулла яздан Iемина хилар а, корматаллин журналист хила цуьнан боккха лаам хилар а тидаме а эцна, иза редакцин промышленностан отделе корреспондентан балха ваьккхира. Хьабибуллас леррина кечам бора газетана материал кечъеш. Ша цхьанхьа заводе, фабрике я кхечу предприяте воьдуш, хьалххе кечдора бахаман куьйгалхошка ша дан билгалдина хаттарш, цхьадолчунна тIехь накъостех дага а волура. Оцо гIо дора цунна ша кечъеш йолчу материалан хьалххе сурт хIотто. ТIаккха иза совнаха хIума доцуш, предприятехь билггал долуш долу хьал ма-дарра гойтуш а, кхеташ а хуьлура.

Ала деза, редакцехь шена тIедиллина декхар гуттар а шен хеннахь кхочушдеш хилла хилар. Иштта, Хьабибулла дукха хан ялале коллективехь лаккхарчу корматаллин журналистех цхьаъ хилла дIахIоьттира. Редакцин куьйгалла реза дара Хьабибуллин балхана.

Хь.Эскерханов чIогIа оьзда, гIиллакхе вара. Адамаш дезаш а, ша везийта хууш а, массаьрца а кIеда-мерза а вара. Цунна ца езара харцо, гуттар а нийсо езаш а, лоьхуш а вара. Балхахь а, дахарехь а хьанал стаг вара. Цундела коллективехь лоруш а, сий деш а вара иза.

Хьабибуллас редакцехь дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а, республикин Правительствос а, редакцис а дуккха совгIаташ дира цунна. Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца Сийлаллин грамотаца совгIат дира цунна, ткъа 1984-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу культурин белхахо» аьлла сийлахь цIе тиллира, дуккха а кхин совгIаташ а дира.

Хь.Эскерханов вина 1941-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь Шуьйтан кIоштарчу Сатты юьртахь. Хьабибуллин хенарчу кхечу махкахоша а санна, лайра махках баьхна, хийрачу махкахь хилла «зовкх». Бералла а, школехь дешаран шераш а ГIиргIизойн махкахь чекхдевлира цуьнан.

1961-чу шарахь шайн дай баьхначу Нохч-ГIалгIайчу юхабаьхкира ЭскерхановгIеран доьзалш. Оццу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультете деша вахара. Иза чекхъяьккхинчул тIаьхьа Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIарчу школе хьажийра. Хьабибуллас иштта нохчийн меттан хьехархочун болх бира Шуьйтан кIоштарчу Варанда, ЧIиннаха (хIинца Итон-Кхаьллан кIоштахь) ярташкахь. 1970-чу шарахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете балха вахара. Цигахь иза юьхьанца корректор, ткъа тIаьхьа корреспондент Iийра. Хьабибуллас иштта белхаш бира радиохь а, телевиденехь а, юха а «Даймохк», «Вести республики» газеташкахь а.

Иза кхелхина 2011-чу шеран чиллин (февраль) беттан 20-чу дийнахь. Дала гечдойла цунна, Дала декъалвойла иза!

С.МАГОМАЕВ

№50, пIераска, асаран (июнь) беттан 30-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: