Дукха хан йоццуш, Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствехь регионерчу Iедалан векалийн, Россерчу «Жима а, юккъера а предпринимательство кхиоран федеральни корпораци» акционерни юкъараллин векалшца видеозIенехула бизнес-конференци хилира.

Цигахь дакъалецира республикин экономикин, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдуллас, регионашкахь акционерни юкъаралла кхиоран «Корпорация МСП» дирекцин куьйгалхочо Чуев Андрейс, «Нохчийн Республикин гарантийн фонд» организацин директора Асуев Илеса, иштта гIоьналлин «Нохчийн Республикин микрофинансийн фонд», «Нохчийн Республикин жима предпринимательство кхиоран гIоьналлин фонд» институтийн векалша.
Коьртачу декъана дийцира Нохчийн Республикехь «Жима а, юккъера а предпринимательство кхиоран федеральни корпораци» акционерни юкъараллица юххера зIенаш латтор мехала хиларх лаьцна.
Конференцин хьалхарчу декъехь Россерчу субъекташкахь акционерни юкъаралла кхиоран «Корпорация МСП» дирекцин куьйгалхочуьнца видеозIе хилира гулбеллачеран. А.Чуевс дуккха дийцира шайн балхах лаьцна а, иштта билгалдехира кхочушдан деза декхарш а. I.Магомадовс ма-аллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана леррина терго латтайо регионехь предпринимательство кхиорна а, иштта инвестицийн проекташ алсам яхарна а тIехь.
– Акционерни «Корпорация МСП» юкъараллица цхьаьна гIуллакхаш дIадахьаро регион кхиоран лакхарчу тIегIане йоккхург хиларх тешна ву со. Регионерчу муниципальни кIошташкарчу говзанчашна акционерни юкъараллин болх шуьйра бовзуьйтуш хаамийн гIуллакхаш дIадахьа деза герггарчу хенахь, – бохура министра.
Акционерни «Корпорация МСП» юкъаралло кечйина йоккха программа ю ерриге а Россерчу субъекташкахь дIаяхьа лерина. Цунна юкъадогIу хаамийн-маркетингийн гIо, яккхий проекташ кхочушъяран гIо, бахаман декъехь гIо-накъосталла, иштта бакъенийн а, финансийн а гIо.
Конференци ерзош билгалдаьккхира Нохчийчуьрчу предпринимательшна хьалха лаьтташ яккхий Iалашонаш хилар а, уьш кхочушъян дуккха а ницкъ оьшуш хилар а. Цундела, тIейогIучу хенахь, хIора кIоштахь а оцу декъехь леррина белхаш дIабахьа сацам а хуьлуш ерзийра конференци.
Хь.БАХТАЕВА
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо