Усмаев ВахIит: «ГIо оьшуш верг цхьа а тесна ца вуьту Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо»

Хууш ма-хиллара, карарчу 2017-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан 13 шо кхаьчна. Оцу хиламца доьзна республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Усмаев ВахIита интервью елира меттигерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна.

– Абубакаран ВахIит, вайна ма-хаъара, ламаст хуьлуш лаьтта, адамо, шена цхьаъ эшча, иза республикин Куьйгалхочун инстаграм чуьра агIонехь яздар. Оцу дехаршца болх бан векал йина республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацина юкъайогIуш йолу леррина департамент. Маса стага яздина оцу департаменте хIокху шарахь кехат? Муьлхачу хаттаршца доьзна хуьлу церан дехарш?

– Бахархойн дехарш а, дIахьедарш а таллар шен белхан коьртачу Iалашонех цхьаъ лору Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана а, цуьнца цхьаьна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацис а. Бахархойн дехарш а, дIахьедарш а талларан болх карарчу хенахь федеральни а, республикин а законодательствон буха тIехь дIахьош бу. Дехарш а (дIахьедарш а) тхоьца йолчу зIенан масех каналехула кхочу (почта, электронни почта, интернет-тIеоьцийла, юкъараллин тIеоьцийла).

2017-гIа шо доладелчахьана тIеэцна бахархошкара 2 531 кехат. Билгалдаккха догIу дукхах долу дехарш а, дIахьедарш а Россин кхийолчу субъекташкахь бехачу бахархошкара кхочуш хилар. Карарчу шарахь цаьргара 1 061кехат кхаьчна.

Дехаршкахь уггаре а дукха доьхург гIишлошъярехь гIо дар а, хIусамаш ялар а, хIусамийн хьелаш тодар а ду (2 531 кехата юкъахь ишттанаш 588 ду). Цул тIаьхьа материальни гIо дар а доьху (406 кехат ду оцу дехарца кхаьчнарг).

– ДIабаханчу Мархийн баттахь Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу фондо кхин а жигарбаьккхинера шен гIоьналлин болх: ерриге а кIошташкахь лоьхуш бара угаре а хала хьал долу бахархой. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?

– Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо тIаьхьарчу 13 шарахь вайн республикехь а, республикал арахьа а дахаран халачу хьелашкахь бехачу доьзалшна гIо деш ду. Оцу фондера гIо, ур-атталла, Сомалерчу а, Шемарчу а мухIажиршна а, Генарчу Малхбалехь Iаламо зенаш диначу бахархошна а, Юххерчу Малхбалерчу а, Африкерчу а мехкашкарчу бахархошна а кхаьчна.

Дахаран халачу хьолехь велахь, вайн республикехь гIо-орца доцуш цхьа а стаг вуьтуш вац. Социальни декъехь мел догIуш долу ахча дIакхачош дара аьлла ца Iаш, стагана хIусамаш оьшуш я тоьллачу клиникашкахь гIо оьшуш хьал нислахь, иза уггаре а хьалха доккхуш ду, иштта, хала бохкучу доьзалшна лерина дийнна хаппаш йо.

Масала, хIинцца чекхбаьллачу Мархийн баттахь вайн республикерчу бахархошна Iаламат доккха гIо-накъосталла дина фондо (Дала сагIа къобалдойла): хала бохкучу доьзалшкарчу 1 800 берана тIе-кога юха оьшург а, ловзо тайнигаш (игрушкаш) а, иштта, республикин хIора а кIоштахь оьшучарна кхачанан сурсаташ а дIасадекъна. 100 сов доьзална керла, тоьлла хIусамаш а елла. ХIора а кIоштахь эзарнашкахь бахархошка марханаш а дастийтина. Иштта, уггаре а оьшучарна, юха а, хIора а кIоштахь, ахчанца гIо-накъосталла а дина.

Соьлжа-ГIаларчу юкъарIойлашкарчу бахархойн Мархийн бутт чекхбаллалц маьхза марханаш даста йиш яра. И аьтто а царна Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо бинера.

– Хууш ма-хиллара, ахча далар, а цIенош дар а доьхуш болчу нехан дехарша шун дуккха хан а йойъу, гIирсаш а дIабоьлху. Мел хан йойъу аш ишштачу цхьана гIуллакхна?

– Тхайга схьакхаьчначу кехаташкахь яздинарг толлуш цхьана дийнера шина кIиране довлуш нисло, хьал муха ду хьаьжжина. Кехата тIехь доьхург я дуьйцург хIун ду хаьжжина, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацис, кхочушдаран органашца а, меттигерчу урхаллашца а цхьаьна болх бо.

Дукха хьолахь хIусамашца доьзна гIо доьхуш кхехьийтинчу кехаташкахь а, дехаршкахь а яздинарг, таллам бича, нийса цахилар гучудолу. ТIаккха меттигашкахь урхалладаран органашна тIера дIадуьйладелла, кхочушдаран лаккхарчу органашна тIе кхаччалц, оцу талламашна юкъаозийна йолчу, эрна хан яйъар хуьлу.

ТIаьххьарлера мур схьаэцча, хIусамашца доьзна диначу 30 дIахьедарехь а, кехата тIехь а яздинарг бакъхиларан таллам бича, 1 гучудаьлла. Оцу 30 дехарна таллам беш, оха беттанашкахь болх бина.

– Абубакаран ВахIит, хьуна хетарехь, оцу тайпана дехарш яздеш болчу нахаца хIун болх бан беза?

– Уггаре а хьалха бахархошца кхетош-кхиоран болх бан беза, бахархойн бакъонийн хаарш лакхадаха деза. Тахана сагIадехаре дирзинчу зуламца вайх хIорамма а тIом латто беза, уггаре а хьалха шен чуьра дIа а волалуш, цул тIаьхьа гергарчарна юкъахь а, юьртахь а. Вай декхарийлахь ду нахана нохчийн ламасташца, Iадаташца сагIадехар а, наха сагIина лучунна кIелхиъна Iер а догIуш цахилар дIахаийтар. ХIора а кIоштахь, хIора а юьртахь бахархошца цхьаьнакхетарш а дIа а хьош, дийца дезаш ду иза, ткъа и дIа ца лоцург, бахархошна юкъахь а, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула а массарна вовзийта веза.

Лучунна кIелхаа лаам болуш стаг хаавеллехь, и сацо веза, цо дийриг, цо лелориг вайн халкъан ламасташца, Iадаташца данне а догIуш цахиларх кхета а веш. Цул сов, и саннарш бахьана долуш, цара харцдерг а яздеш, кхехьийтинчу кехаташна а, дIахьедаршна а таллам беш оха хан яйъар бахьана долуш, баккъал а гIо оьшург гIо ца кхочуш вуьсуш хиларх а кхето беза уьш.

– ТIаьххьара хаттар: хIун ала луур дара хьуна вайн бахархошка, къаьсттина социальни сеташкахь хан йойъучаьрга?

– Социальни сеташ чохь мел Iаш волчу вайн махкахочуьнга ала луур дара: сагIина кIелхевшина Iачеран а, таллам бина доцу гIо дехаран а дехарш дIаса ма кхехьийтахьара аьлла. Шаьш оцу тайпа хIума дIасадаржадале, нагахь санна баккъал а цунна гIо хилийта лууш шаьш делахь, оцу гIуллакхан таллам бан беза. Бертахь болх бича бен вайга социальни сеташкахула даьржина долу сагIадехар лахлур дац.

СагIадехар а, наха сагIина лучунна кIелхиъна Iар а нохчийн Iадаташна хийра а, цаьрца ца догIуш а хиларал сов, вайн дайша гуттар а иэхье, дастаме лерина а ду. Шаьш мацалла леш делахь а, сагIадехар къобалдина дац вайн дайша.

Чаккхенехь ала луур дара: хIара республика кхиа а лууш, кхунах дог лозуш болчу бахархойн гIоьнца, кестта, Дала мукъ лахь, вай и сагIадехар дIадоккхур ду. ХIинца вайна хууш а, гуш а ду, дукхахьолахь, нохчаша сагIадехар а, наха сагIина лучунна кIелхиъна Iар а данне а къобал деш цахилар. Иза иштта хIунда ду?! БIеннаш шерашкахь кхуьуш лаьттинчу вайн къоман культуро, ламасташа, Iадаташа ца магадо нохчашна сагIадехар, наха цхьаъ яларе сатийсар. Нохчашна хаьа оцу тайпанчу хIуманаша доьзалшна а, гергарчарна а тIе иэхь доуьйтий.

И.ИСЛАМОВ

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: