Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира кегийрхойн организацийн жигархошца

Мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон белхахошца а, кегийрхойн «Ахмат» юкъараллин-патриотийн боламан а, «Путин» патриотийн клубан а, Нохчийн Республикин Студентийн союзан а, нохчийн регионан кегийрхойн «Нийсо» организацин а, Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламентан а векалшца. Россин Кегийрхойн денна лерина долу и цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Кегийрхойн цIийнехь.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо кегийрхой дезачу денца декъал а беш, баркалла элира царна дика болх барна.

– Аш доккха дакъалоцу республикехь кегийрхойн политика кхочушъярехь. Оцу тIехь шун кхиамаш а бу, дика жамIаш а ду. Цундела суна уггаре а хьалха шуна массарна а баркалла ала лаьа. Шен Даймохк безар а, шен халкъан хьашташка хьажар а вайх хIораннан а декхар ду, – элира Р.Кадыровс.

Цо дийцарехь, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалдоккхура, республикин хиндерг тIекхуьу къона чкъор муха кхуьу хьаьжжина хирг хилар.

– Ахьмад-Хьаьжас боккха тидам тIебохуьйтура кегийрхойн политикин гIуллакхна. Цо дуьйцура къона чкъор Даймахке болчу безамца, баккхийчаьрга ларам хиларца, шайн истори а, халкъан гIиллакхаш а, ламасташ а девзаш, лоруш кхетош-кхио дезаш хиларх лаьцна, – бохура регионан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира нохчийн халкъо лайначу ерриге а халонашка хьаьжна доцуш, адамаш къарделла цахилар а, цара хьакъдоллу къона чкъор кхиийна хилар а. Цо иштта хьахийра тIекхуьучу чкъуро «интернетан турпалхошка» шаьш Iехадайта мегарг цахилар а.

– Хилла болу бохамаш юха ца хилийтаран декхар ду кегийрхошна хьалха лаьтташ. Вайна ца оьшу тIом. Нохчийчохь ши тIом боьдучу хенахь, бевдда Европе бахана, охьахевшинчу «хьехамчашка» шаьш Iехадайта мегар дац. Толамаш спортан майданашкахь а, дешарехь а, культурехь а, медицинехь а, дахаран кхечу дакъошкахь а баха беза вай. Майра тIемалой санна довзийтина ца Iаш, Iилманчаш а, дипломаташ а, политикаш а, пачхьалкхан гIуллакххой а, спортсменаш а санна довзийта деза вай дуьненна. Цундела аш шайн нийсархошца дуккха а болх бан беза, шаьш-шайн могаш дахар царна довзийта а деза, – элира Р.Кадыровс.

Республикин Куьйгалхочо даздаран хьолехь «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дира республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министрана Ибрагимов Iийсана, иштта Баркаллин кехаташ а, Сийлаллин грамоташ а елира министерствон цхьамогIа белхахошна а, кегийрхойн юкъараллин организацийн жигархошна а. Цул сов, 50 жигархочунна Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондера ахчанан премеш а елира.

I.МУРТАЗОВ

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: