Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвла йисттехь, Iаламан шен исбаьхьалла комаьрша схьайиллинчу меттехь вайн берашна садаIа «Ламанан шовда» лагерь йина. Дийнна шарахь цигахь садаIа а, шайн могашалла тоян а аьтто хир бу регионерчу берийн.
Лагерь схьаелларна лерина хиллачу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийчоьнан Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Усмаев ВахIита, даржашкарчу кхечу наха.
Кадыров Рамзана кхузахь вовшахкхеттарш декъалбира берийн могашалла тояран, цаьрга садаIийтаран комплекс схьаелларца. Цо баркалла элира хIара проект кхочушъярна юкъа йоккха хазна йиллина волчу къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министрана Ахмадов Мохьмадна.
«ХIокху цхьана баттахь вай йина ялийтина кхузаманан шолгIа лагерь ю хIара. Йоццачу хенахь тIехдика болх бина. Кхузахь дерриге а хьелаш кхоьллина школахойн могашалла тоян. Со тешна ву хIокху лагерехь, хаза а хеташ, вайн республикерчу бераша садаьIна ца Iаш, мехкан кхечу субъекташкарчу бераша а садоIург хиларх. «Ламанан шовда» лагерехь яьккхина хан еххачу хенахь дагахь лаьттар ю царна, царах хIоранна а юх-юха а кхуза ван луур ду», – элира Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира Ичкери йолчу хенахь кхузахь террористийн лагерш хилла хилар, кхузахь цара тренировкаш еш хилла хилар. «Вайна дагадогIуш ма-хиллара, хьалха хIокху меттехь туп тоьхна Iаш бара террористаш. Ткъа хIинца кхузахь берийн могашалла тояран исбаьхьа лагерь йина. Шайн догIмашна а, синошна а пайдехь хир долчу агIор хан йоккхур ю цара кхузахь. Иза чIогIа дика а ду. Дукха хан йоццуш къелла а, кегарий а хиллачу вайн республикехь тахана машар а бу, къепе а ю», – бохура цо.
Цул тIаьхьа, ламасталлин цIен аса а хадийна, кхузахь белхаш барехь къаьсттина билгалбевллачарна (социальни белхахошна) Сийлаллин грамоташца совгIаташ а дина берийн могашалла тояран, цаьрга садаIийтаран комплексе хьаьвсира.
Хьаххийначуьра аьлча, берийн могашалла тояран «Ламанан шовда» лагерехь ялх корпус ю. Царна чохь садоIур ду бераша, дIа а дуьйшур ду. Цул сов, бераш ловзийта йина дуккха а майданаш а ю. Масала, теннисан корт, футболан, волейболан, баскетболан майданаш, боксан, охьатохархлатаран залаш, божаберийн а, зудаберийн а (къастийна) лийчаран бассейнаш, дуккха а кхиерш. Цхьана сменехь кхузахь садаIа аьтто хир бу 500 беран.
Кхин цхьа хIума а ду билгалдаккха дезаш. Белхан меттигаш кIезиг йолчу Сиржа-Эвларчу бахархошна 130 белхан меттиг а хилла лагерь яр бахьана долуш. Иза а доккха гIуллакх ду.
Хь.ПАШАЕВ
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо