Шемин пачхьенехь Дамаскехь теракт йина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша. Цигахь 20 стаг кхелхина, 12 стагана чевнаш хилла. Уьш берриге а бохург санна маьрша нах бу. Террористаша и къиза зулам дина махкахь маслаIат даран гIуллакхна новкъарло ян, Iедалехь болчаьрга цабезам кхолла лууш.
***
ОвгIанерчу Балх провинцехь бевзаш боцучу зуламхоша герзаш диттина 13 маьрша стаг вийна. Цунна бехкенаш лохуш, талламан белхаш дIахьош бу бакъонаш ларъяран органийн белхахой. Иштта, хIокху деношкахь гучудаьлла цу тайппана зуламаш Британерчу спецназо деш хилла хилар.
***
Европин пачхьалкхашка Iаьрбийн а, Африкин а мехкашкара мигранташ эхар соцуш дац. ХIара шо деладелчахьана Дуьненаюкъарчу хIорда тIехула Европе кхаьчнарг 95 эзар мигрант ву. Европе схьа ца кхочуш, оцу хIорда чохь тIаьхьарчу ялх баттахь лаххара а 5 эзар мигрант кхелхина. Царна юкъахь бераш а ду, зударий а бу.
***
ТIаьхьарчу деношкахь чIогIа йовха лаьтта Европин цхьамогIа пачхьалкхашкахь. Масала, стомара Желтойчохь 45 градус йовха яра. Оцу бурконехь садаIар а ца тоьъна, дог малделла больницашка вигира ткъех стаг. Ткъа Польшехь йовхонна 4 стаг кхелхина.
***
Оццу хенахь Чинехь чIогIа догIанаш ду оьхуш. Цигахь токхамаш хилар бахьана долуш 3 стаг кхелхина, 19 стаг лазийна, 10 стагах хIун хилла ца хаьа, иттаннаш цIенош дохийна. Зенаш хиллачарна гIо-накъосталла деш бу Iедалан векалш.
***
Масех де хьалха цхьаьнакхийтира Казахстанан а, Туркменистанан а Президенташ. Цигахь Н.Назарбаевс билгалдаьккхира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш чIагIъян, цхьаьнагIуллакхаш дар алсамдаккха яккхий таронаш хилар, оцу таронех шина а агIоно буьззина пайдаэца боло безаш хилар.
***
ХIара уьссалгIа шо ду Эрмалойчохь «Ари-Тун» («Шайн цIадерза») программа кхочушъеш йолу. Цуьнца нийса а догIуш хIора а аьхка Эрмалойчу догIу кхечу пачхьалкхашкахь Iаш долу эрмалойн бераш. Царна садаIа, самукъадаккха, шайн къоман гIиллакхаш довза аьттонаш бо Iедалан векалша.
***
Россин Президента В.Путина хIокху деношкахь куьг яздина масех Указана а, федеральни законна а. Царна юкъахь ду 2017-чу шеран бюджетехь хийцамаш баран а, Москвара пхиппа гIаьтнаш долчу цIенойн метта кхузаманан керла цIенош даран а хьокъехь долу законаш.
***
Россин оборонин министр С.Шойгу стомара Стамбулехь цхьаьнакхийтира Хонкаран Президентаца Р.Эрдоганца. Цара дийцаре дира Шемахь долу хьал, дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам цхьаьна дIабахьаран хьокъехь долу гIуллакхаш. Оцу декъехь цхьаьна белхаш бан барт хилира церан.
***
ГIезалойчохь боккха некъан транспортан бохам хилла пассажирийн автобус а, бензин дIасакхоьхьуш йолу «Камаз» а вовшахкхетар бахьана долуш. Оцу бохамехь 14 стаг кхелхина, царах 2 бер ду. Лазийна хиллачу 15 стагах 10 больницехь ву. Кхелхинчеран доьзалшна цхьацца миллион сом ахча лур ду ГIезалойчоьнан куьйгалло.
***
Стомара чекхдевлла футболах ловзаран Конфедерациqн Кубок яккхарехьа долу дуьненаюкъара къийсадаларш. Финалехь жамI 1:0 долуш толам а, цуьнца цхьаьна Конфедерацийн Кубок а яьккхина, Германин вовшахтоьхначу командо. ШолгIа меттиг а, дато мидалш а яьхна Чинерчу футболисташа, кхоалгIа меттиг яьккхина Португалерчу футболисташа.
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо