Дика кхиамаш

ХIокху деношкахь Минеральные Воды гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула регионашна юкъара кхиазхойн турнир. Вайн республикера турнирехь дакъалоцуш вара 16 спортсмен. Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира вайн спортсменаша: Дикаев Илеса (26 кг.) – ДЮСШ №7, Исмаилов Ислама (28 кг.) – ДЮСШ №7, Бабулатов Исраила (32 кг.) – ДЮСШ №7, Магомадов Имама (35 кг) – ДЮСШ №7, Базаев ИсмаьIала (38 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ. ШолгIачу меттигашкахь бара: Берсанукаев Билал (36 кг.) – ДЮСШ №7, Ахаев СаIуд (46 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ. КхоалгIа меттигаш ехира: Махамашев Расула (42 кг.) – Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан ДЮСШ, Яхиев Iабдул-ВахIида (63 кг.) – Невран кIоштан ДЮСШ.

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу уьш Iамийна церан тренерш: Б.Исраилов, С.Исаев, Б.Тулаев, А.Абдулаев. Цундела цара тахана даггара баркалла боху шаьш Iамийначу шайн тренершна.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: