Нохчийн Республикин Iилманийн хьакъболу гIуллакххой

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун асаран (июнь) беттан 4-чу дийнахьлерчу Указаца нийса а догIуш, «Нохчийн Республикин Iилманийн хьакъволу гIуллакххо» сийлахьчу цIарца билгалваьккхина Нохчийн Республикин Iилманийн академин а, Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманийн-талламан комплексан институтан а 6 белхахо. Царна юкъахь ю.

УМХАЕВ САЙПУДИН ЗАРГАН – Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманийн-талламан комплексан институтан Синтезан а, керла материалаш талларан а секторан куьйгалхо;

ДЖАМИРЗАЕВ МИРЗАКЪАН САЛМАН – Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманийн-талламан комплексан институтан Этнологин а, археологин а лабораторин куьйгалхо;

АКАЕВ ХЬУМИДАН ВАХӀИТ – Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманийн-талламан комплексан институтан Ӏилманан коьрта белхахо;

ОСМАЕВ ДОГИН ӀАББАЗ – Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманийн-талламан комплексан институтан директоран Iилманийн гIуллакхашкахула волу заместитель;

ХАСБУЛАТОВ ӀИМРАНАН ЗУЛАЙ – Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу Iилманийн-талламан комплексан институтан Этнологин а, археологин а лабораторин Iилманан коьрта белхахо;

АБУМУСЛИМОВ ӀАБДУЛХЬАМИДАН ӀАБДУЛ – Нохчийн Республикин Iилманийн академин Президиуман Iилманан коьрта секретарь.

«Даймохк» газетан редакцин коллективо, Нохчийчоьнан берриге а Iилманчийн а, интеллигенцин а цIарах, боккха кхаъ хиларца, оцу сийлаллин цIарца даггара декъалбо лакхахь цIерш яьхна Iилманчаш.

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: