«Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туш» Пачхьалкхан учрежденин социальни белхахо ю Ибрагимова Милана.
Массо а да-нана санна, Миланин да-нана а дара шайн доьзал ийманехь, гIиллакх, оьздангалла йолуш кхио лууш. Иза иштта хила а хилира. Дерриге а диканиг марздеш кхиийра цара доьзал.
Соьлжа-ГIаларчу №50 йолчу школехь дийшира Миланас. Дешарна тIехь мало ца йора цо. Дика доьшуш яра. Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, 1996-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №26 йолчу училищен хIуманаштегаран отделене деша яхара иза. Оццу шарахь доьзал кхоьллира цо. Карарчу хенахь 3 кIентан нана ю иза.
Вайн махкахь хала хенаш яьхкина хилла хиларца доьзна, тайп-тайпана белхаш бан дезна цуьнан. Ткъа социальни белхахочун болх цо бен 13 шо герг хан ю.
Хууш ма-хиллара, социальни белхахойн болх атта бац. Хетало, собар а, къинхетам а болчаьрга бен иза балур а бац, аьлла. ЗаьIапчу нахана а, ветеранашна а, шаьш Iаш болчарна а, таро йоцчарна а гIо дар юкъадогIу Миланин белхан декхаршна. Церан хьашташка хьожу иза. Иштта, кхачанан сурсаташ деача, ша хьожуш йолучарна уьш дIасахьо цо.
– Цхьа а шеко яц, хIора а говзалла оьшуш а, мехалла а хиларан. Соьга хаьттича, ас бечу балхахь уггаре а коьртаниг ду адамех кхета хьажар а, цаьрца къинхетаме хилар а.
Кхечарна санна, Миланина а дагахь лаьтта шен белхан дуьххьарлера де. Цунах лаьцна иштта дийцира цо: – Оцу дийнахь цхьа йоккха стаг йолчу хьажийра со. Горгамаш хьакха со йолаелча, йоккхачу стага хаьттира соьга: «ЙоI, дуьххьара еана ю хьо балха?», аьлла. «Ю», – аьлла, жоп делира ас. ТIаккха цо соьга элира:» – Айхьа Iуналладечеран гIуллакхе хьо хьажа моссазза йоьду а, хьайн даг чохь латтаделахь, тахана санна хьуо къона а, хаза а лаьттарг цахилар, цкъа мацца а хьо тхан хене гIуриг хилар, тIаккха кхетар ю хьо тхох, хьайн болх безаш белахь.
Цо сайга тахана аьлча санна, сан лерехь ду йоккхачу стеган дешнаш, – дерзийра Миланас къамел.
АСЛАХАНОВА Хеда
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо