Да дагалоцуш…

Мел дукха хан-зама яларх а, шена хьоме а, дукхадезаш а долу адам хазахетарца дагалоьцу вай. Иштта, тахана Соьлжа-ГIалин яхархочо Раисас а дозаллица дагалоьцу шайн да Долатов Адам. Хаийта лаьа иза Россин Федерацин хьакъволу хьехархо хилла хилар.

– Да-нана дуьнен чохь долу хан хIораннан дахарехь а уггаре мерза ю. Уьш дIабевллачул тIаьхьа, цаьрца цхьаьна дуьненан чам, марзо дIайолуш санна хета. Тхан да дийна волчу хенахь даима а цхьа хаза беркат лаьттара тхан хIусамехь, кертахь. ХIораннан а санна, тхан ден а яра шен амал. Цуьнан амалехь уггаре а диканиг адамаш дезар а, цаьрца гергарло лелор а дара. Иза дуьнен чохь волчу хенахь къаьсттина дукха хьеший лаьттара хIусамехь. Шен доьзална дика масал хилла лаьттина вара иза даима а. Цкъа а адамашкахь вуониг лехна вацара иза, диканиг доцург. Цунна лиъна а дацара вуониг ган. Вайн нохчийн яздархошца къаьсттина чIогIа гергарло лелош вара тхан да. Тхуна, кегийчарна, доккха хазахетар хуьлура тхайга хьошалгIа Сулейманов Ахьмад веача, – дуьйцу Раисас.

Раисин да Долатов Адам дуккха а шерашкахь хьехархочун болх бина ву. 1937-чу шеран хIутосург (май) беттан 29-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла иза. Соьлжан кIоштарчу Первомайское юьртара (хIетахь иштта цIе яра) ву Адам. Массо а санна, церан доьзал а бара Казахстане дIакхалхийнчарна юкъахь. Нехан санна, церан а дийзира хийрачу махкахь шело а, гIело а лан. Хийрачу махкахь вара аьлла, дешарна юьстах ца велира кIант. Циггахь, Ташкентан кIоштарчу юьртахь дийшира Адама.

1957-чу шарахь Нохчийчу цIабирзира церан доьзал. Дешарна тIера волу кIант лаккхарчу дешаран кхерчахь деша сатесна вара. Цуьнан сатийсам кхочуш а хилира. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институте историн факультете деша вахара иза. Казахстанерчу берашца гергарло лелийна хиларе терра, цигара цIадаьхкинчу дукхах долчу берашна санна, казахийн а, немцойн а меттанаш а хаьара цунна. Шайн да цахиларна, дукха хьалхе белхаш бан волавала дийзира цуьнан.

Адама хьехархочун говзалла караерзийра, ткъа цуьнан вашас медицинин декъехула дийшира. Тайп-тайпанчу меттигашкахь белхаш бина Долатов Адама. Хьехархочун некъ Хьалха-Мартан кIоштарчу Роьшничуьрчу юккъерчу школехь дIаболийра цо. Хьехархочун говзалла ша езаш къасторна а, берашца уьйр-марзо шен хиларна а дукхабезаш бора цо шен болх. Белхан дуккха а меттигаш хийцина цо. Тайп-тайпанчу школашкахь хьехархочун, директоран дешаран декъехула заместителан, директоран, иштта, ЧИПКРО-хь ректоран белхаш бина. Белхан меттигаш дукха хийцинехь а, массанхьа а шен яккха дика цIе йитина.

Шен къам а, ненан мотт а безаш, нохчалла йолуш а вара Адам. И Нохчалла шен доьзалехь а йитина цо. Шен къоман мехаллашна даима а герга хилла волу Адам вайн къоман историга кхийдара. Вайн халкъо лайнарг шена хаийтархьама баккхийчу нахаца къамелаш дора цо, цара схьадийцинарг дIаяздора. Амма, цкъа а ша дийриг цIархазмана дина вацара иза.

3 шо хан ю иза воцу. Тхан деца гергарло лелийначара а, цуьнан хиллачу накъосташа а, цуьнан хиллачу дешархоша а цунах лаьцна хаза дош олуш хезча, хаа ду-кх, иза хьанал а, адамашца кIеда-мерза а волуш ваьхна хиллий.

Зорбане кечйинарг – З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Долатов Адам

№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: