Шун хьехор дезаш вацахь а, шега дина хаттарш жоп доцуш дита цалаарна а, шуьнан гIиллакхаш къоначарна довзийта дезарна а цунах дерг дийца резахилира Воккха-Дада.
– Вайн наноша, хьеший чу ма баьхккина, хьал-де хаьттина, уьш паргIат ма-бевлла шайн кийчча йолу юург царна хьалха юьллуш гIиллакх хилла: «Вайн юург схьайоллушехь, цкъачунна, шайн са теде», – олий. Хьалха йилла кхин чохь хIума ца хилча, туьха, бепиг (сискал), кIалд хьешашна хьалха хIоттош хилла. ХIунда аьлча, хьешо новкъахь мел хан яьккхина, иза мел генара веана хууш ца хилла.

«Мацвеллачо мазца юу», – олуш, цхьа хьекъале кица ду вайн. Цунна а дайна, мацвеллачо тоам бийр бу шена кIеззиг еллачух а.
«Шу догIур дуй хиънехь мерзаниг йийр яра ас. ХIокхо а ца хаийти шу догIуш дуй. Шуна хьалха йилла кхин бен-бесара хIума а яц сан. Ша цхьанхьара вогIуш оьцуш Iедал хIокхуьнан а дац», – бохуш, леткъамаш бар зудчуьнгахь товш а, гIиллакхе а дац.
Нохчийн гIиллакхехь зудчунна тIехь ду хьаша (чувеанарг) доггаха, елаелла, екхаелла тIеэцар, хьешан (чувеанчун) юха а ван дог догIу долччу кепара лелар. Иштта, хIинцца вай ма-аллара, хьешашна чу ма кхеччи шайн са тедан юург хьалха йиллинчул тIаьхьа, хьешашна лерина яй хIоттабо, сихха. Юург кечйина яьлча, хIусамерчу къоначара, кегийрхоша иза стоьла тIе дIахIоттош гIиллакх ду, зударша дIа а кховдош.
Iайг, мIара, урс охьаюьллу. ТIаккха – бепиг. Иза охьадилларан а ю шен кеп. Цастаран букъ болу (чкъуьйриг йолу) агIо (стагана) хьешана тIе а ерзайой охьадуьллуш хилла бепиг. ХIинца-м башха хьесапе а ца лору иза. Амма хьалха, бепиг дилла дезачу агIор диллина ца хилча, ша мел меца хиларх, хьашас иза схьаоьцуш ца хилла.
Кхача хьалхий-тIаьхьий охьабилларан рагI иштта ю: цкъа хьалха тхьамдина хьалха буьллу кхача, юха цунна аьтту агIор хиъна волчунна, тIаккха аьрру агIор волчунна, иштта, дехьа-сехьа кховдош, духхе кхаччалц дIало. Нагахь санна гуонаха хьийзаш болчеран хIоранна а хьалха кхача охьабилла аьтто боцуш хьал нисделча, лахара дуьйна вовшийн кар-кара луш, баьрччехь Iаш болчарна дIакхачайо юург стоьла гуонаха хевщина болчара.
Кхача беза бу. Иза дIасатеттар гIиллакхе ца лерина вайн дайша. ХIораммо а шена хьалха хIоттийнарг Iадйита еза. Иза цIе тоьхна, «хьенехана» аьлла, хIоттош яц. Охьахиъначо шен меттиган дола дан деза. Чу стаг веача, хьалалелхаш, чубаьхкинарш шайн меттигашка ховшийта гIерташ хIуманаш ду хIинца юкъадовлуш. Вайн дайша лелийначу гIиллакхех дац иза. ТIевеанарг паргIат йолччу метте охьахаа а, кхачанах кхета а везаш ву.
Вайн заманахь цхьаберш баьрче, тхьамдина уллера меттиг езаш, иза еза хеташ цига гIерта. ГIиллакхца догIуш дац иза. Тхьамдина аьтту агIорхьа ховшуш (ховшош) берш хьеший хуьлу, хийра-хийраниг хьалха а хуьлуш. Тхьамдина аьрру агIорхьа юьртарнаш ховша беза. Цу тайппана охьахевшича тIевеаначунна хуур ду хьеший муьлш бу а, юьртарнаш муьлш бу а. ХIусамда, хьошалла деш, охьахиънехь а, неIарехьа хаа веза.
Нагахь санна стоьла гуонаха хIусамден дехой а, ненахой а цхьаьна охьаховшуш хьал хилахь, ненахой аьтту агIор, дехой аьрру агIор ховшу. Тхьамдина аьтту агIор ненаваша, аьрру агIор деваша хуур ву. Гергарлоне хьаьжжина хила деза кхиберш охьаховшар а.
Кхача хьалха билларан а, хIума йиинчул тIаьхьа пхьегIаш а, кхача а дIаэцаран а ю гIиллакхашца чIагIйина кеп. Кегийрхой стоьла гуонаха хьовза аьтто болуш белахь, юург аьтту агIор охьайилла еза, ткъа яссаелла пхьегIа аьрру агIор дIаоьцу.
Шуьне хиъначунна тIехь а ду вайн халкъан гIиллакхаша тIедохкуш долу декхарш. Уггаре а коьртаниг ду шена юххе нисвеллачунна цхьана а кепара новкъарло ца яр. Ур-атталла Iайг-мIара лацар а хила деза уллерчунна новкъарло ца еш. ХIусамдайшна а, стоьла гуонаха болчарна а, цу чохь гулбеллачарна а товр доцург далийта ца деза. Чохь йолчу йийбаре, кхечуьнга хьоьжуш, чухула бIаьргаш дIасакъерзо мегар дац. БIаьрг тIехIоьт-хIоьттинчу юучунна тIекхача гIерташ, шуьна тIехула дIасакхийдар, кхача буучу хенахь дуьйцург-олург хазачуьра ваьлла, сутара хьийзар нохчичуьнгахь товш дац. Иштта, гIиллакхе дац, цкъа цхьаьннан лере воьдуш, тIаккха кхечуьнан лере воьдуш шабарш дар, велар, шена тIе тидам бахийта гIерташ мохь беттар, ша хиъначуьра хьалалелхар, кхидерг.
Оьзда стаг шуьнехь гуш хуьлу. Иза кхечунна хьалха йиллиначунна тIе ца кхийда, нахал къаста гIерташ, шена тIе тидам бахийта гIерташ ца хуьлу. Юучунна а, молучунна а чувоьлла ца хуьлу, букарвахана. Хабарна нахал тIехволуш, нехан хабарна юкъагIерташ, дешнаш кегдеш хаалур вац.
Вайн халкъан дерриге а гIиллакхаш а ду хаза, оьзда, адамийн вовшашка йолу уьйр-марзо чIагIъеш. Царах цхьаъ ду хьешашна шун хIоттор. Хьалха-хьалха-м хьаша тIевоьссича, божалара ара а боккхий, уьстагIана урс хьокхура. ТIаккха, иза кхехка а бой, цуьнан корта, накха, аьтту пханар хьешана хьалха дуьллура. Вайн цхьаболчу доьзалшкахь, дукха хьолахь лаьмнийн ярташкахь, хIинца а лардеш ду и гIиллакх. Шена хьалха биллинчу оцу кхачанах дан дезарг хьешашна дика хаьара. ХIинца, вай оцу гIиллакхна хердаларна, дукха хьеший хир бац шайна хьалха биллинчу коьртах, накхах, аьтту пханарх хIун дан деза хууш берш. Цундела, доцца цунах лаьцна а дийцина, сайн къамел чекхдоккхур ду ас.
Шена хьалха хIоттийначу коьртан аьтту бIаьрг болччуьра яьккхина хIума кхоллу, юха аьтту бIаьрган-лерган юьхьигах, меттан буьхьигах кIеззиг хIума йоккхий, иза а кхоллу. ТIаккха оцу юьртахь лоруш стаг велахь, «хIокху юьртахь махкана а вевзаш-везаш къонах а волуш, кху пхьорах веттаваллал веза хьаша а ца хета суна суо», – олий, шена хьалха биллина кхача оцу къонахчунна дIабахьар хIусамдайшна тIедилла (деха) магош ду хьешана. Иза хьалха иштта деш а хилла вайн дайша.
Цуьнца доьзна кхин цхьа гIиллакх а лелла нохчашна юкъахь. Нагахь санна хьешо шена хьалха диллина пханар даа дола а дина, охьадиллинехь, хIусамдена хаа дезаш хилла иза хьаша дIавоьдучу хенахь цунна новкъа даккха дIадилла дезаш дуй.
Кхин цхьаъ а: нохчийн а, Кавказерчу кхечу халкъийн а гIиллакхашца догIуш дац коьртаца цхьаьна хьешана хьалха мочхал диллар а, аьрру пханар диллар а. Вайн таханлерчу кегийчарна иза а хиъча дика хир ду.
Цу тIехь дерзийра Воккха-Дадас Нохчийн шуьнан гIиллакхех лаьцна долу къамел.
С.ДАДАЕВ
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо