Асаран беттан 27-гIа де, 1959-гIа шо. Нажи-Юьртан кIоштан Мескитахь вина Саиев Iумар, поэт, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо.
1977-чу шарахь цо чекхйоккху Гуьмсера №4 йолу юккъера школа. Цул тIаьхьа доьшу Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.
1976-чу шарахь «ЦIен байракх» цIе йолчу Гуьмсан кIоштан газетехь зорбане йолу I.Саиевн дуьххьарлера «БIаьсте» стихотворени. Исбаьхьаллин дешан дуьнена яьккхина хьалхара гIулч яра иза. ХIетахь дуьйна цуьнан стихаш зорбане юьйлу муьран зорбанехь а («Даймохк», «Васт» газеташ, «Орга», «СтелаIад», «Вайнах» журналаш), юкъарчу гуларшкахь а («Шерийн гунан когашкахь», «Малх лаьцначохь»).
2007-чу шарахь араелира поэтан стихийн хьалхара «Синтем байна мохк» гулар, 2010-чу шарахь зорбане йолу рогIера «Дагара дийцахьа, Нохчийчоь» гулар.
Асаран беттан 30-гIа де, 1940-гIа шо. БухIан-Юьртахь вина Дагаев Валид, халкъан илланча, Россин Федерацин халкъан артист.
Бераллин а, кхиаран а шераш Казахстанехь чекхдевлла (дерриге а халкъаца цхьаьна кхалхийначохь).
1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа Алма-Атахь дIаяьхьира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хелхарийн, эшарийн ансамбле похIме кегийрхой дIаэцаран конкурс. Оцу конкурсах кхиамца чекхваьлча, ансамблан хоре дIаоьцу хинволу илланча. Ансамблаца цхьаьна Даймахка цIа а вирзира иза.
ХIетахь дуьйна Валидан дахар, хада йиш йоцуш, дозаделла дара къоман музыкин искусствоца. Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, Сулейманов Ахьмадан, Сулаев Мохьмадан, Дикаев Мохьмадан, Рашидов ШахIидан, Сатуев Хьусайнан дешнаш тIехь цо даьхна «Даймехкан косташ», «ТIулгаша дуьйцу», «ЧIегIардиг», «ГIан», «Дог дохден цIе», «Батто сагатдо», «Нана», иштта, дуккха а кхидолу иллеш халкъан иллеш хилла дIахIиттина.
1972-чу шарахь Ростовехь дIаяьхьначу халкъан илланчийн Ерригсоюзан фестивалехь хьалхара меттиг йоккху Валида. Цуьнан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадийна «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист» (1972 шо), «РСФСР-н хьакъволу артист» (1973 шо), тIаьххьара «Россин Федерацин халкъан артист» сийлаллин цIерш яларца.
Кхалхар хилла 2016-чу шарахь.
Мангалан беттан 1-ра де, 1954-гIа шо. Казахстанан Кустанайскан областан Мыдыгер юьртахь вина Бексултанов Муса, Нохчийн Республикин халкъан яздархо.
1957-чу шарахь Даймахка – Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотара – цIабоьрзу кхеран доьзал. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь доьшу. Йоццачу хенахь ша дешначу школехь болх бо.
1987-чу шарахь дуьйна 2016-гIа шо кхаччалц «СтелаIад» журналехь къахьийгира (коьртачу редакторан заместитель, 2007-чу шарахь дуьйна – коьрта редактор). Дуьххьара Грозненски кIоштан газетан агIонаш тIехь зорбане даьлла М.Бексултановн «ГIалин урамаш» цIе йолу дийцар.
1985-чу шарахь зорбанера араяьллачу «Мархийн кIайн гIаргIулеш» дийцарийн гуларо гайтира нохчийн литературе доккха похIма долу яздархо веана хилар. Цул тIаьхьа цуьнан говзарийн масех гулар зорбане яьлла («Юха кхана а, селхана санна» – 1988, «Наггахь, сайн сагатделча» – 2004, «Я хьан тухур ю буьйсанна хьан неI» – 2004, «Дахаран хин генара бердаш» – 2009).
«Вайнах» журналан совгIатан а, Нохчийн Республикин интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан а туьшан лауреат ву Муса, кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, цунна иштта совгIат дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а. Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо ву.
Мангалан беттан 3-гIа де, 1927-гIа шо. Чечанахь вина Алиев Шарпудди, медицинин Iилманийн доктор, профессор, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу деятель.
1941-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн лоьрийн училище, 1948-чу шарахь иштта тIехдика дешарца – ГIиргIизойн пачхьалкхан лоьрийн институт а. Оццу институтан аспирантурехь дешначул тIаьхьа, 1959-чу шарахь чIагIйо медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, 1967-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь нохчашлахь дуьххьара медицинин Iилманийн докторан диссертаци чIагIйо.
Белхаш бина ГIиргIизойчоьнан Ош, Джалал-Абад гIаланийн больницашкахь (1948–1956-гIий шераш, лор-хирург), Нохч-ГIалгIайн АССР-н могашаллаIалашъяран министерствехь (1960–1962-гIий шераш, коьрта хирург), ГIиргIизойн пачхьалкхан лоьрийн институтехь (1962–1973-гІий шераш, Iилманан лакхара белхахо, кафедрин заведующи), Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь (1973–1983-гIий шераш, анатомин, физиологин кафедрин заведующи, биолого-химин факультетан декан).
Iилманан 70 сов белхан автор. Жигара дакъалоцура республикин юкъараллин дахарехь. Машар ларбаран Нохч-ГIалгIайн Комитетан куьйгалхо лаьттира Ш.Алиев.
Кхалхар хилла 1989-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 12-чу дийнахь.
№51, шинара, мангалан (июль) беттан 4-гIа де, 2017 шо